- 29.12.2020
- 662
- 11
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
Нохчийн литературин урок 8-г1а класс Урокан тема: Бадуев С.С. дахар а, кхолларалла а. «Олдам» дийцаран чулацам а, дийцарехь 1адатийн маь1на а.Урокан тайпа: Керланиг довзийтаран урок.Урокан 1алашо: Бадуев Саь1идан дахарх, кхоллараллах долу хаарш карладахарца т1едузар, «Олдам» дийцаран маь1на дастраца, кхетош- кхиор. Урок д1аяхьар1. Урокана кечам бар.2. Хьехархочун дош. Мотивации яр.Дешархой, шу массо а марша дог1ийла! Сан-м г1еххьачул сагатделлера шу ган, шуьгара хьал- де хаа, шуна керланиг хьеха а, 1амийнарг т1едуза а. Делан къинхетамца вай юха а шуьца вовшахкхийти х1окху дешаран хьармехь. Суна хетарехь , аша а сатесна хир ду керлачу хааршка, уьш шайна дахарехь оьшуш хилар а хууш . Вай шуьца д1айолайо вешан рог1ера нохчийн литературин урок… 3. Ц1ахь белла болх таллар. Хьалха 1амийнарг карладаккхар. Тесташца болх бо дешархоша.1. Арсанукаев Шайхи маца, мичахь вина?А) 1940-чу шарахь Энгел-Эвлахь.Б) 1910-чу шарахь Т1ехьа-Мартант1ахь.В) 1930- чу шарахь Дишни-Веданахь.+2. Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» ц1е йолу произведени муьлхачу жанрехь язйина ю?А) Дийцар.Б) Повесть.+ В) Роман.3. Мила ву х1окху лахахь ялийначу произведенийн автор? «Лаьмнашкахь 1уьйре», « Ц1еран суй», «Безаман шовда», « Новкъахь «, «Керла де», «Хан-Г1ала».А) Рашидов Шаид.Б) Бадуев Саь1ид.В) Арсанукаев Шайхи.+4. Мила лору нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо?А) Мамакаев 1арби.Б) Гайсултанов 1умар.В) Бадуев Саь1ид.+5. Мила ву х1окху лахахь ялийначу произведенийн автор?«Пхи туьма», «Ц1еран арц», «1имран», «Бешто», «1адат», «Г1у», «Мацалла».А) Айдамиров Абузар.Б) Ошаев Халид.В) Бадуев Саь1ид.+4. Урокан тема а, 1алашонаш а йовзийтар. Ткъа таханлерчу урокана сан 1алашонаш ю шуна вайн къоман исбаьхьаллин литературин бухбиллархочун Бадуев Саь1ид Сулеймановичан дахар а, кхолларалла а шуьйра йовзуьйтуш, «Олдам» ц1е йолчу дийцаран маь1на достуш, шу кхетош кхиор. Вайн урокан тема а шуна доски т1ехь гуш ю: Бадуев С.С. дахар а, кхолларалла а. «Олдам» дийцаран чулацам а, дийцарехь 1адатийн маь1на а. 5. Керла тема йовзийтар. Хьехархочун дош Нохчийн литературин бухбиллархо, воккха яздархо волу Бадуев Саь1ид вина 1903-чу шарахь Соьлжа-Г1алахь, совдегаран доьзалехь. Жима волуш да кхелхина, хьалххехь т1елаца дезна цуьнан ц1ийнан дукъ, шел кегийра доьзалшна г1о-накъосталла, 1уналла дар т1едоьжна цунна.6. Дийцаран чулацам бовзуьйту, т1аккха хозуьйтуш доьшуьйшту дешархошка, дийцаре до, цуьнан маь1на досту, хьехархочо т1едузу дешархоша шайн кхетамехь делла жоьпаш.7. Къамел кхиор.-Вайн таханлерчу урокехь шуна хазаза, ца девзаш долу дош дарий цхьа а? ( Дешархоша билгалдоккху шайна совдегар боху дош цадовзар, цуьнан маь1нах шаьш цакхетар). Совдегар, совдегаран, совдегарна, совдегаро. Дукх. Тер. Совдегарш. Совдегар- хьал долу стаг. Къамелан дакъа-ц1ердош. Нахарташ, нахартийн, нахарташна, нахарташа. Цхь. Тер. Нахарт. Нахарташ- ахча. Къамелан дакъа- ц1ердош.Напха, напхан, напхана, напхо. Дукх. Тер. Ца долу. Напха- даар – малар, рицкъа. Къамелан дакъа- ц1ердош.( Оцу дешнех пайдаоьцуш, барта кхоъ предложени х1оттайо)8. 1амийнарг т1еч1аг1дар.-Мила ву вайн литературин бухбиллархо, исбаьхьаллин прозин юьхь йолийнарг?-Муьлш бу «Олдам» дийцаран доьзал-турпалхой? Ц1ерш яха церан.-Доьзалехь долу хьал, церан юкъаметтигаш муха гайтина автора? Къоман оьздангаллица йог1уш юй уьш ?-Сапият муха стаг, муха нус, муха муха ц1еннана ю? Дийца цунах лаций.-Муха ду дийцарехь 1адатийн маь1на?- Х1унда кхоьссина, х1унда ластийна Олдама Элашби чоьхьаваьлча жима Ваха д1а?-Вайнехан г1иллакхийн муьлха аг1онаш гайтина дийцар т1ехь?(Дешархоша шайн кхетамехь жоьпаш ло хаттаршна, хьехархочо т1едузу )9 Урокан жам1 а, рефлекси а яр.-«Олдам» дийцар 1амор бахьанехь вайн къоман литературах, историх, адамийн дахарх х1ун керланиг девзи шуна?-Таханлерчу урокан мах хадош муьлха аг1онаш дика яра я муьлхарш кхета хала яра аьлла билгалйохур яра аша?- Шуна ца кхеташ диснарг х1ун ду вайн таханлерчу темах ?10. Урокехь дешархоша бинчу белхийн маххадош, оценкаш х1иттор.Дешархойн жоьпашка хьаьжжина, царна х1иттош йолу оценкаш хилар дийцаре до хьехархочо.11. Ц1ахь бан болх балар. Бадуевн биографин а, дийцаран а чулацам схьабийца.
6 660 545 материалов в базе
Настоящий материал опубликован пользователем Костина Валентина Ивановна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс повышения квалификации
72/180 ч.
Курс профессиональной переподготовки
600 ч.
Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Мини-курс
10 ч.
Мини-курс
6 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.