Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
Нохчийн меттан тесташ10-11 класс 1. Мила ву дуьххьара нохчийн абат язйинарг, муьлхачу шарахь ара яьлла иза? а) 1862 ш. Досов Къеда;+ б) 1870 ш. Эльдаров Таьштмар; в) 1920 ш. Джамалдаев Зайнди. 2. Халкъан историн д1адахнарг а, церан культурин юкъаметтигаш а 1амочу 1илманах олу? а) этимологи;+ б) э;=тнографи; в) этнос.3. Предложенин муьлхачу меженийн хуьлу дустарш? а) подлежащин, сказуемин; б) кхачаман, къастаман; в) хенан, меттиган латтамийн.+4. Хуттургаш хуьлу ... а) даран суьртан, меттиган; б) цхьанакхетаран, карара;+ в) долара, юкъара.5. Куцдешан предложенехь муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу? а) ц1ердашца; б) хандашца;+ в) билгплдашца.6. Причастица муьлхачу къамелан дакъойн билгалонаш хуьлу? а) ц1ерметдешан, билгалдешан; б) куцдешан, хандешан; в) хандешан, билгалдешан.+ 7. Хандешан муьлхачу саттаман ю суффиксаш -лда, -ийла? а) лааран;+ б) т1едожаран; в) билгала.8.Цхьана дешдекъах лаьтташ долу а, церан г1оьнца кхолладелла долу чолхе хандешан а муьлхачу спряжени чудог1у? а) 1-ра спряжени; б) 3-г1а спряжени; в) хандешан нийса йоцу спряжени.+9. Муьлхачу тайпана ду х1ара дакъалгаш: ма, ткъа, х1аъ, хьаха? а) акйдаран; б) бакъдаран;+ в) хаттаран.10. Муьлхачу къамелан декъо ло дешнашна я дийначу предложенешна тайп-тайпана маь1на? а) дакъалг;+ б) хуттург; в) дешт1аьхье.11. Орфографи олу ... а) меттан дерриге а дешнех; б) дешнийн нийсаяздар 1амочу бакъонех;+ в) йозанех сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонех.12. Дешан х1оттаман къастам бе лахарчу дешнашна. Чуг1оьртира, хьалакхоссаро, т1ецакхетарна, охьавоьссина. 13. Муьлхачу къамелан дакъошка йоьрзу причасти? а) куцдешнашка, ц1ерметдешнашка; б) хандешнашка, билгалдешнашка; в) ц1ердешнашка, билгалдешнашка+.14. Муьлхачу къамелан дакъойн хуьлу даржаш? а) билгплдешан, куцдешан;+ б) хандешан, ц1ердешан; в) билгалдешан, ц1ердешан.15. Муьлхачу тайпана ду лахара ц1ерметдешнаш? Оццул, х1оккхул, иштта, х1ара, кхечунга а) къастаман; б) дацаран; в) къастамза.+16.Коьчалниг дожарехь -нца, -рца чаккхенаш йолу ц1ердешнаш муьлхачу легарна чудог1у? а) 2-г1а легар; б) 1-ра легар; в) 3-г1а легар.+17. Фразеологически цхьанакхетар олу ... а) дешнийн цхьанакхетарх; б) дешнийн ч1аг1деллачу цхьанакхетарх;+ в) вовшашца бартбаран уьйр йолчу дешнех.18. Дешнийн тайпанаш я церан маь1наш 1амочу лексикологин декъах х1ун олу? а) лексикологи; б) лексикографи; в) семасиологи.+19. Х1окху предложенехь дуьхьа дешт1аьхье ю. Муьлхачу тайпана ю и дешт1аьхье? Аллах1ан дуьхьа 1ибадат до бусалба наха. а) хенан; б) меттиган; в) 1алашонан.+ 20. Нийса аларан а, яздаран а,грамматикин а, дешнаш харжарана, стилистикин а бакъонех х1ун олу? а) литературни меттан нормаш;+ б) литературни меттан стилаш;в) литературни меттан хьелаш.
6 610 526 материалов в базе
Настоящий материал опубликован пользователем Болкисева Оксана Сергеевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Курс профессиональной переподготовки
600 ч.
Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Мини-курс
4 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.