Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
Нохчийн меттан урок6-г1а классТема: Терахьдешнийн кхолладалар а, нийсаяздар а.1алашо:Дешархойн терахьдешнех долу хаарш т1еч1аг1дар; терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар; дешархой кхетош-кхиор.Т1ехьажаман г1ирс: Терахьдешнийн нийсаяздаран таблица, кехаташ, орфографин дошам.Урок д1аяхьар.1) Ц1ахь бина болх таллар.П 23, 141-г1а шардар.2) 1амийнарг карладаккхар.- Х1ун гойту терахьдашо?- Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?- Даладе масалш цхьалхе а, кхолладаларх лаций.Тесташца таллам бо дешархойн терахьдешнех долчу хаарийн.Тест 1. Х1уманан рог1алла я масалла муьлхачу къамелан декъо гойту?а) хандашо;б) ц1ерметдашо;в) терахьдашо+.Тест 2. Ц1ердашо цхьаьна лелачу терахьдашах Х1ун терахьдош олу? а) лааме; б) лаамаза; в) ларамаза.Тест 3. Масаллин терахьдешнех рог1аллин терахьдешнаш муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало?а) –лг1а,-алг1а+;б) –рг,-рш;в) –иг,-ниг.Тест 4. Предложенин муьлха меже хуьлий лела лаамаза рог1аллин терахьдош?а) латтам;б) къастам+;в) кхачам.Тест 5. Предложенин муьлха меже хуьлий лела лааме рог1аллин терахьдош?а) подлежащи я къастам; б) подлежащи я сказуеми;в) подлежащи я кхачам+.Тест 6. Муха кхоллало декъаран терахьдешнаш?а) масаллин ши лард цхьаьнакхетарца+;б) рог1аллин ши лард цхьанакхетарца;в) чолхе терахьдешнаш цхьанакхетарца.Тест 7. Муха кхоллало дакъойн терахьдешнаш?а) рог1аллин терахьдашна масаллин терахьдош т1екхетарца;б) масаллин терахьдашна рог1аллин терахьдош т1екхетарца+;в) масаллин терахьдашна т1е суффиксаш кхетарца.3. Хьалххе хаийтаран диктант.1990-чу шарахь Нохчийчохь халкъо хаьржина Нохчийн депутаташ бара: Лакхарчу Советехь-113, районийн Советашкахь-900, яртийн, поселкийн, г1аланийн Советашкахь-2000…Х1етахь лаххара а 50 эзар стагах лаьттара нохчийн интелегенци.(Хозуьйтуш доьшу терахьдешнаш, толлу церан нийсаяздар). 4. Кхетош-кхиоран болх д1абахьар . Даладо г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кхо кица.-Г1иллакхца бен къонах хилла вац.-Нехан даг т1ера вожарал доккха вон дац.- Болх бечу кхаьчча – болх бе, юучу кхаьчча-яа.Хьехархочун г1оьнца досту кицанийн маь1наш.Ткъа х1инца г1иллакх- оьздангаллах лаьцна кхин хьан х1ун дуьйцур дара?(Шина дешархочуьнга дуьйцуьйту шайна баккхичаьрга хезнарш).5. Керла тема йовзийтар.Тайп-тайпанчу терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш, таблицах пайда а оьцуш, дешархошна йовзуьйту.Йовзуьйту 24-г1а бакъо. Пхеа дешархочуьнга карточкашца болх бойту.6.1амийнарг т1еч1аг1дар. Кхочушдо 146-г1а шардар.Терахьдешнашна к1ел сиз хьокху, юьйцу нийсаяздаран бакъонаш.- Мила ву оцу шардар т1ерачу кийскан автор? ( Айдамиров Абузар ).- Хьан дуьцур дара Айдамиров Абузарх лаьцна?- Муьлха произведени 1амийна аша Айдамиров Абузаран? ( Айдамиров Абузарх лаьцна дуьйцу, хаттаршна хаттаршна жоьпаш ло дешархой )7. Урокан жам1 дар. Рефлекси яр. Муха ю тайп-тайпанчу терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш ? Дала до масалш.8. Ц1ахь бан болх балар.24-г1а п, мини-сочинени ,, Г1иллакх-ах дин,,.9. Дешархойн белхийн мах хадор.
6 610 526 материалов в базе
Настоящий материал опубликован пользователем Репкина Людмила Евгеньевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс профессиональной переподготовки
500/1000 ч.
Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Мини-курс
4 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.