Главная / Другое / Урок чеченского языка. Ц1ердешнийн терахь.

Урок чеченского языка. Ц1ердешнийн терахь.

Мастер - класс

Тема: Ц1ердешнийн терахь.

1алашонаш:

1аморан: 1. Ц1ердешан морфологически билгалонаш йовзийтар;

2. Ц1ердешнийн терахьашца хийцадаларан башхалла йовзийтар.

Кхиаран: 1. Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

2. Шайн маттахь долу керла дешнаш довза хьашт хилар ч 1 аг1 дар; Кхетошкхиоран: 1. Мотт хаза бийцар коьрта хилар кхетор;

2. Шен мехкан 1аламе безам кхиор.


Урок д1аяхьар.

Тахана урок шатайпа ю

Ткъа шуна иза марзделларг ду

Коьртаца ойла ян еза

Чолхе хаттарш хаза деза

Царна жоп дала деза

Дуйцург дагахь латто деза

Урокехь хиънарг дицдан на деза!


Тахана, вай урок д1ахьур Морфологи ц1е йолчу меттан пачхьалкхехь.


Къамелехь, йозанехь кхечу къамелан дакъойл дукха хуьлу ц1ердош. Дош, дешнийн цхьанакхетарш, предложенеш х1итта ца ло ц1ердош юкъахь доцуш.


Х1уманаш ас билгалйо

Мила? Х1ун? хаттарш ло

Ойлаей хьо дийций вала

Муьлха дакъа ду со ала!..


Дешархой шина команде боькъу:

1-ра т1едиллар:

1-ра команда: 1аламца доьзна долу 10 ц1ердош даладе (малх, докх, дог1а, ткъес, шовда,хьоста, анайист, стела1ад, стигал,ло)

2-г1а команда: диттийн, ораматийн ц1ерш билгайо 10 дош даладе ( дакх, бага,наж, зез, поп, база, дак, акхтарг, хьаьмц, маъ, талл)

2- г1а т1едиллар шина команде:

  1. Даладе юкъара абстракти маь1на долу ц1ердош: доьналла, майралла,хьекъал,кхетам,ойла, сингаттам, синхаамаш, т1е1аткъам… (дукха далийначу командин толам хир бу). Йийца цернан башхалла.

  2. Нохчийчохь долу хин ц1ерш ялае: Соьлжа,Гумс, Орга , Ачху, Хулхула, Терк, Г1ойт1а, Валарг, Бас, Марта, Гих.

( йийца цу ц1ердешнийн билгалонаш)

Ц1ердешнийн маь1на гергара , дуьхьалара хуьлу:

Даладе, х1окху дешнийн гергарнаш:


Г1уркх-(г1аж,хьокха)

Машар-(барт-масла1ат)

Низам-( раж, раг1)

Хьекъал-(кхетам)

Даладе, дуьхьалара маь1на долу ц1ердешнаш

Яхь-(хьаг1)

Бехк-(бехказло)

Къано-( жимха)

Толам-(иэшар)

Шина командина цхьаа т1едиллар ду: говр бохучу дашана синонимийн мог1а балабе: дин, бекъа, гила,алаша, айг1ар ( 5 синоним далийна команда тоьлла хир ю)


1-ра командина т1едиллар: цхьаъ, я цул сов х1ума билгалъеш долу

ц1ердешнаш къастаде

К1айн полларчий санна,

Лайн чимаш ду оыуш,

Шело совъяларна

Сирла шаш ду х1уьттуш,

Б1аьстенан де санна,

Еха ю буьйсанаш.

Шелделла к1еза санна.

Буьрса дарц ду ц1ийзаш.


2-г 1а команда


Лам бешча хиш десташ,

Ихна хин татолаш,

Т1ехь бина шаш болуш,

Шайн-шайна ду декаш.

Йовхонан сирла з1аьнарш

Наггахь бсн ца гойтуш,

Кхин йоцуш санна, кхоош.

Малх а бу к1езга луш


Шина команде хаттарш:

  1. Mvxa гойту поэта 1аьнан 1алам?

  2. Дукхаллии терахьехь ц1ердешнаш алсам хилар стенца доьзна ду? Декъа xlapa и1ердсшнаш кхаа тобане


  1. шина терахьехь леларш

  2. цхьаллин тсрахьехь бен цалеларш

  3. дукхаллин терахьехь бен цалеларш



  1. команда:


Сацкъарш, б1ов, гаьллаш, xlo, таьлсаш, йовхарш, йоькаш, мехкарий, гилгаш, къилбе; ( таьлсаш, гаьллаш, йоькаш, гилгаш, xlo);


2-г1а команда:


Моз, х1аваъ, т1уно, маь1да, букъарш, архаш, дуьйраш, малхбузе, хьекъал, сий ; (букъарш, т1уно, дуьйраш, малхбузе, х1аваъ, сий)


Шина командина т1едилларш: муха кхаллало дукхаллин терахь х1окху дешнашкахь:

Духарш, амалш,г1ожмаш, ламанхой, черчий, полларчий; оьрсий, говзанчаш, овкъарш, кетарш, хиш, седарчий;


Терахьан грамматически категори гучуйолу суффиксийн г1оьнца:

1)цхьалхе суффиксаш - аш, иш, ий;Уьш юьхьанцара суффиксаш ю.

2)чолхе суффиксаш - -араш, -ирий, ирчий;Уьш схьаевлла суффиксаш ю.

Дукхаллин терахье даккха кху предложенехь долу кьовларш юкъара дешнаш.


Эвлан йистера аренда дежачу жа юкъахь дукха (ка) дара.

Цхьана х1умано къахкина некъана сехьалилхира (бекъа)

Халидан доккха мостаг1алла дара ( борз, чаг1алкх).

(Моша) кхача тайп- тайпанчу а, ирзошкахь а хуьлу


Макхъелла аренаш - еса

Хьаннаш а д1атийна лаьтта.

Г1арг1улийн жатташ ю екаш,

Назмаш 1 енаеш лаьтта


Т1едиллар: билгалдаккха дукхаллин терахьехь долу ц1ердешнаш, жут- жатташ боху дешнаш гочде оьрсийн мате



Говрашна го, вайна сана , г1енаш:

Сирла 1уьйре , шайн бергаш т1ехь тхи,

Шайн баккъаш т1е шийла дог1а 1енаш,

Реманашца деда доьдучу хих юьйлуш.


Т1едиллар: билгалдаккха дукхаллин терахьехь долу ц1ердешнаш, рема-реманаш боху дешнаш гочде оьрсийн матте.



Путешественник отважный,

Он идёт пустыней важно

Не боится он жары,

Два горба - как две горы

Т1едиллар: нохчийн матте гочъе xlapa байт, ковра боху дош дукхаллин

терахье даккха

Шина командина т1едилларш:

Вовшахтоха кагделла кицанаш (кхоккха кица xlopa командина)


1 .Болх безачарна дахар а деза.

2.Болх бечу кхачахь, болх бе, юучу кхачахь - яа.

3.Хазалло б1аьрг белабо, дикалло дог деладо

4.Хазалла - сарралц, дикалла - валлалц

5.Воккхачух эхь хетта, жимачух къахета

6.Нахаца тарвала хаар - доккха совг1ат ду.


Рефлекси яр.


Тахана вай бинчу белхан кхиамех лаьцна х1ун эр дара аша?

Муьлха т1едилларша к1оргди шун хаарш?

Шайн мотт ц1ена а, хаза а бийца таро лур йолу меттигаш схьайийца

























Анатаци.


Урокан 1алашо ю : барашна ц1ердош карла даккхар , цуьнан грамматически билгалонех кхетам балар , коьртаниг, мехалниг ц1ердешнийн цхьаллин, дукхаллин терахь довзийтар. Оцу урокехь дешархоша пайда оьцур бу керлачу дешнашца, уьш оьрсийн матте гочда цул сов цхьаллин терахьера дукхаллин терахье даха . Урок шин тобанехь д1ахьур ю. Бераша алсам пайда оьцу мотт кхиорехь а, матте болу безам совбаккхарехь а.

Урок чеченского языка. Ц1ердешнийн терахь.
  • Другое
Описание:

Мастер - класс

Тема: Ц1ердешнийн терахь.

                                                  1алашонаш:

    1аморан:  1. Ц1ердешан морфологически билгалонаш йовзийтар;

2. Ц1ердешнийн терахьашца хийцадаларан башхалла йовзийтар.

      Кхиаран: 1. Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

2. Шайн маттахь долу керла дешнаш довза хьашт хилар ч 1 аг1 дар; Кхетошкхиоран: 1. Мотт хаза бийцар коьрта хилар кхетор;

2. Шен мехкан 1аламе безам кхиор.

 

                                           Урок д1аяхьар.

Тахана  урок шатайпа ю

Ткъа шуна иза марзделларг ду

Коьртаца ойла ян еза

Чолхе хаттарш хаза деза

Царна жоп дала деза

Дуйцург дагахь латто деза

Урокехь хиънарг дицдан на деза!

 

    Тахана, вай урок д1ахьур Морфологи ц1е йолчу меттан пачхьалкхехь.

 

Къамелехь, йозанехь кхечу къамелан дакъойл дукха хуьлу ц1ердош. Дош, дешнийн цхьанакхетарш, предложенеш х1итта ца ло ц1ердош юкъахь доцуш.

 

Х1уманаш ас билгалйо

Мила? Х1ун? хаттарш ло

Ойлаей хьо дийций вала

Муьлха дакъа ду со ала!..

 

                                     Дешархой шина команде боькъу:

   1-ра т1едиллар:

1-ра команда: 1аламца доьзна долу 10 ц1ердош даладе (малх, докх, дог1а,  ткъес, шовда,хьоста, анайист, стела1ад, стигал,ло)

2-г1а команда: диттийн, ораматийн ц1ерш билгайо 10 дош даладе ( дакх, бага,наж, зез, поп, база, дак, акхтарг, хьаьмц, маъ, талл)

              2- г1а т1едиллар шина команде:

1.     Даладе юкъара абстракти маь1на долу ц1ердош: доьналла, майралла,хьекъал,кхетам,ойла, сингаттам, синхаамаш, т1е1аткъам… (дукха далийначу командин толам хир бу). Йийца цернан башхалла.

2.      Нохчийчохь долу хин ц1ерш ялае: Соьлжа,Гумс, Орга , Ачху, Хулхула, Терк, Г1ойт1а, Валарг, Бас, Марта, Гих.

         ( йийца цу ц1ердешнийн билгалонаш)

  Ц1ердешнийн маь1на гергара , дуьхьалара хуьлу:

       Даладе, х1окху дешнийн гергарнаш:

 

Г1уркх-(г1аж,хьокха)

Машар-(барт-масла1ат)

Низам-( раж, раг1)

Хьекъал-(кхетам)

Даладе, дуьхьалара маь1на долу ц1ердешнаш

Яхь-(хьаг1)

Бехк-(бехказло)

Къано-( жимха)

Толам-(иэшар)

 Шина командина цхьаа т1едиллар ду: говр бохучу дашана синонимийн мог1а балабе: дин, бекъа, гила,алаша, айг1ар ( 5 синоним далийна команда тоьлла хир ю)

 

        1-ра командина т1едиллар: цхьаъ, я цул сов х1ума билгалъеш долу

ц1ердешнаш къастаде

К1айн полларчий санна,

Лайн чимаш ду оыуш,

Шело совъяларна

Сирла шаш ду х1уьттуш,

Б1аьстенан де санна,

Еха ю буьйсанаш.

Шелделла к1еза санна.

Буьрса дарц ду ц1ийзаш.

 

2-г 1а команда

 

Лам бешча хиш десташ,

Ихна хин татолаш,

Т1ехь бина шаш болуш,

Шайн-шайна ду декаш.

Йовхонан сирла з1аьнарш

Наггахь бсн ца гойтуш,

Кхин йоцуш санна, кхоош.

Малх  а  бу к1езга луш

 

           Шина команде хаттарш:

1.     Mvxa         гойту поэта 1аьнан 1алам?

2.     Дукхаллии терахьехь ц1ердешнаш алсам хилар стенца доьзна ду? Декъа xlapa и1ердсшнаш кхаа тобане

 

1.     шина терахьехь леларш

2.     цхьаллин тсрахьехь бен цалеларш

3.     дукхаллин терахьехь бен цалеларш

 

 

1-           команда:

 

Сацкъарш, б1ов, гаьллаш, xlo, таьлсаш, йовхарш, йоькаш, мехкарий, гилгаш, къилбе; ( таьлсаш, гаьллаш, йоькаш, гилгаш, xlo);

 

2-г1а          команда:

 

Моз, х1аваъ, т1уно, маь1да, букъарш, архаш, дуьйраш, малхбузе, хьекъал, сий ; (букъарш, т1уно, дуьйраш, малхбузе, х1аваъ, сий)

 

Шина командина т1едилларш: муха кхаллало дукхаллин терахь х1окху дешнашкахь:

Духарш, амалш,г1ожмаш, ламанхой, черчий, полларчий; оьрсий, говзанчаш, овкъарш, кетарш, хиш, седарчий;

 

Терахьан грамматически категори гучуйолу суффиксийн г1оьнца:

1)цхьалхе  суффиксаш - аш, иш, ий;Уьш юьхьанцара суффиксаш ю.

2)чолхе      суффиксаш - -араш, -ирий, ирчий;Уьш схьаевлла суффиксаш ю.

Дукхаллин терахье даккха кху предложенехь долу кьовларш юкъара дешнаш.

 

Эвлан йистера аренда дежачу жа юкъахь дукха (ка) дара.

Цхьана х1умано къахкина некъана сехьалилхира (бекъа)

Халидан доккха мостаг1алла дара ( борз, чаг1алкх).

(Моша) кхача тайп- тайпанчу а, ирзошкахь а хуьлу

 

Макхъелла аренаш - еса

Хьаннаш а д1атийна лаьтта.

Г1арг1улийн жатташ ю екаш,

Назмаш 1 енаеш лаьтта

 

Т1едиллар: билгалдаккха дукхаллин терахьехь долу ц1ердешнаш,                       жут- жатташ боху дешнаш гочде оьрсийн мате

 

 

     Говрашна го, вайна сана , г1енаш:

    Сирла  1уьйре , шайн бергаш т1ехь тхи,

    Шайн баккъаш т1е шийла дог1а 1енаш,

    Реманашца деда  доьдучу хих юьйлуш.

 

  Т1едиллар: билгалдаккха дукхаллин терахьехь долу ц1ердешнаш, рема-реманаш боху дешнаш гочде оьрсийн матте.

 

 

Путешественник отважный,

Он идёт пустыней важно

Не боится он жары,

Два горба - как две горы

        Т1едиллар: нохчийн матте гочъе xlapa байт, ковра боху дош дукхаллин

терахье даккха

Шина командина т1едилларш:

Вовшахтоха кагделла кицанаш (кхоккха кица xlopa командина)

 

1 .Болх безачарна дахар а деза.

2.Болх        бечу кхачахь, болх бе, юучу кхачахь - яа.

3.Хазалло  б1аьрг белабо, дикалло дог деладо

4.Хазалла  - сарралц, дикалла - валлалц

5.Воккхачух       эхь хетта, жимачух къахета

6.Нахаца    тарвала хаар - доккха совг1ат ду.

 

Рефлекси яр.

 

Тахана вай бинчу белхан кхиамех лаьцна х1ун эр дара аша?

Муьлха т1едилларша к1оргди шун хаарш?

Шайн мотт ц1ена а, хаза а бийца таро лур йолу меттигаш схьайийца

 

 

Автор Байсултанов Альви Романович
Дата добавления 09.04.2015
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров 1060
Номер материала 59441
Скачать свидетельство о публикации

Оставьте свой комментарий:

Введите символы, которые изображены на картинке:

Получить новый код
* Обязательные для заполнения.


Комментарии:

↓ Показать еще коментарии ↓