Главная / Другое / Урок. Предложенин меженаш. Нохчийн меттан урок 6-г1а класс.

Урок. Предложенин меженаш. Нохчийн меттан урок 6-г1а класс.

Тема: Предложенин меженаш. Нохчийн меттан урок 6-г1а класс.

1алашо: Предложенин меженаш йовзийтар , нохчийн а оьрсийн меттан, цара муьлхачу хаттаршна жоп ло, х1ун гойту хаийтар, къамел кхиор, кхетош- кхиор, нохчийн матте безам кхиор.

Г1ирс: учебник , газеташ журналаш, таблицаш, методически пособеш.

Урок д1аяхьар.

1 Хьехархочун дош.

- Бераш, вай тахана урокан 1алашо муьлха ю аьлла хета шуна?

- Вайна х1ун хаа деза?

- Муьлхачу 1алашоне кхача деза вай?

2 Дешнашца болх бар.

Баьхьа, айпе, б1оста, буобер, б1арлаг1а.

3 Керла тема йовзийтар.

- Йийца предложенин грам-ки билгал-ш?

- Стенах олу предложени?

- Муьлханаш ю предложенин коьрта меженаш?

Шардар 4 кхочушдо.

1 Дийца, муьлха предложенеш ю яьржинарш, яржазниш. Иза стенах хиира шуна?

2 Синтаксически къастае хьалхарий, йоьалг1ий, пхоьалг1ий предложенеш.

3 Дийца х1ун гойту подлежащино, сказуемино.

4 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхочуш до 5-г1а шардар.

5 Кхеташ - кхиоран болх кхин а д1абахьар.

А) Рицкъа хиларх пайда бац, иза хьаште хьовзо ца хаахь.

- Х1ун дог1у рицкъ бохучу дашна юкъа?

- Муха кхета шу оцу кицанаш маь1нах?

Б) Дена вас ца еш дуьненахь вахар.

Ду иза иманах дог дуьзна хилар.

6 Урокан жам1 дар.

7 Рефлекси яр.

- Тахана урокехь х1ун керланиг девзи шуна?

-Дозуш долу къамел кхиорехь, дуьнене болу хьежалаш шорбарехь шайна стенна пайдехьа карий шуна х1ара урок? Даладе масалш?

8 Ц1ахь бан болх балар .

Аг1о 6-8 шардар 5

Нохчийн меттан урок.

6-г1а класс

Тема: Билгалдош а, цуьнан маь1на а.

1алашо: Дешархошна билгалдашах кхетам балар, цуьнан грам –ки а, морфологически а билгалонаш йовзийтар, нохчийн матте болу безам совбакхар: дешархой кхетош-кхиор.

Т1ехьажаман г1ирс: таблицаш, нохчийн а, оьрсийн а меттан учебникаш, тесташ, методически пособеш.

Урок д1аяхьар.

1 Хьехархочун дош.

- Т1екхечи, дешархой, вайн рог1ера нохчийн меттан урок. Вай тахана билгалдашах лаьцна дуьйцур ду. Цкъа хьалха ц1ахь бина болх толлур бу вай.

2 Ц1ахь бина юолх таллар.

П 5, 24-шардар.

3 1амийнарг карладаккхар.

- Муьлха къамелан девза вайна ?

- Х1ун 1амийна вай царех лаьцна?

- Муьлхачу хаттаршна жоп ло ц1ердашо ?

- Даладе масалш ?

Тесташца таллам бо дешархойн къамелан дакъойх долу хаарий.

1 Нохчийн меттан алфавитехь … элп ду.

а) 33;

б) 45;

в) 49.

2) Нохчийн меттан дожар … ду.

а) 8;

б) 6;

в)10;

3) Билгалъяха омонимаш, синонимаш, антонимаш:

а) Серло, бода , дика, вон, машар, т1ом

б) Доттаг1, накъост, говр, дин

в) М1ара, мотт, ц1е

4) Къамелан дакъа ду.

а) 5;

б) 10;

в) 8;

5) Ц1ердашо … гойту

а) мухалла

б) х1ума

в)борам

6) Ц1ердош предложенин меже … хуьлий лела.

а) латтам;

б) къастам;

в) подлежащи;

7) Ц1ердешнийн … класс ю.

а) 3;

б) 5;

в) 1;

4) Кхетош-кхиоран болх д1абахьар.

Даладо г1иллакх-оьздангаллех лаьцна кхо кица.

- Зударийн сий доцчу махкахь, къонахий кхуьур бац.

- Ненан сий динарг махко а лерина.

-Хабарал худар тоьлу.

5) Керла тема йовзийтар.

Тайп-тайпана таблицах пайда а оьцуш билгалдешнаш довзуьйту. Йоьшуьйту 17 аг1о бакъо. Пхеа дешархочуьнга карточкашца болх бойту

6) 1амийнарг т1еч1аг1дар.Кхочушдо 27-г1а шардар.

- Мила ву оцу шардар т1ерачу кийсиках вуьйцург ?

-Хьан дуьйцур дара мирзех лаьцна доцца дийцар ?

7) Урокан жам1 дар

Урокан жам1 до кроссворд т1ехь билгалдешнаш билгалдохуш жоьпаш нийсаяздарца.

Синквейн

Нана

1) Къинхьегаме, догц1ена.

2) Кхиаво, кхетаво, 1амаво.

3) Дуьненан уггар мерза стом.

4) Бахам.

Къонах

1) Оьзда, хьекъале

2) Веха, лела, г1отту

3) Халкъалахь дикаллин ц1е яхнарг.

4) Турпалхо

8) Рефлекси яр.

- Тахана урокехь х1ун керланиг девзи шуна ?

- Таханлерчу мах хадош муьлха яра аьлла билгалйохур яра аша?

- Шуна ца кхеташ диснарг х1ун ду вайн таханлерчу темах?

9) Ц1ахь бан болх балар.

Аг1о 16-18 Шардар, 28.

Нохчийн литературин урок

8-г1а класс

Урокан тема: Бадуев С.С. дахар а, кхолларалла а. «Олдам» дийцаран чулацам а, дийцарехь 1адатийн маь1на а.

Урокан тайпа: Керланиг довзийтаран урок.

Урокан 1алашо: Бадуев Саь1идан дахарх, кхоллараллах долу хаарш карладахарца т1едузар, «Олдам» дийцаран маь1на дастраца, кхетош- кхиор.

Урок д1аяхьар

1. Урокана кечам бар.

2. Хьехархочун дош. Мотивации яр.

Дешархой, шу массо а марша дог1ийла! Сан-м г1еххьачул сагатделлера шу ган, шуьгара хьал- де хаа, шуна керланиг хьеха а, 1амийнарг т1едуза а. Делан къинхетамца вай юха а шуьца вовшахкхийти х1окху дешаран хьармехь. Суна хетарехь , аша а сатесна хир ду керлачу хааршка, уьш шайна дахарехь оьшуш хилар а хууш . Вай шуьца д1айолайо вешан рог1ера нохчийн литературин урок…

3. Ц1ахь белла болх таллар. Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Тесташца болх бо дешархоша.

1. Арсанукаев Шайхи маца, мичахь вина?

А) 1940-чу шарахь Энгел-Эвлахь.

Б) 1910-чу шарахь Т1ехьа-Мартант1ахь.

В) 1930- чу шарахь Дишни-Веданахь.+

2. Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» ц1е йолу произведени муьлхачу жанрехь язйина ю?

А) Дийцар.

Б) Повесть.+

В) Роман.

3. Мила ву х1окху лахахь ялийначу произведенийн автор?

«Лаьмнашкахь 1уьйре», « Ц1еран суй», «Безаман шовда», « Новкъахь «, «Керла де», «Хан-Г1ала».

А) Рашидов Шаид.

Б) Бадуев Саь1ид.

В) Арсанукаев Шайхи.+

4. Мила лору нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо?

А) Мамакаев 1арби.

Б) Гайсултанов 1умар.

В) Бадуев Саь1ид.+

5. Мила ву х1окху лахахь ялийначу произведенийн автор?

«Пхи туьма», «Ц1еран арц», «1имран», «Бешто», «1адат», «Г1у», «Мацалла».

А) Айдамиров Абузар.

Б) Ошаев Халид.

В) Бадуев Саь1ид.+

4. Урокан тема а, 1алашонаш а йовзийтар.

Ткъа таханлерчу урокана сан 1алашонаш ю шуна вайн къоман исбаьхьаллин литературин бухбиллархочун Бадуев Саь1ид Сулеймановичан дахар а, кхолларалла а шуьйра йовзуьйтуш, «Олдам» ц1е йолчу дийцаран маь1на достуш, шу кхетош кхиор. Вайн урокан тема а шуна доски т1ехь гуш ю: Бадуев С.С. дахар а, кхолларалла а. «Олдам» дийцаран чулацам а, дийцарехь 1адатийн маь1на а.

5. Керла тема йовзийтар. Хьехархочун дош

Нохчийн литературин бухбиллархо, воккха яздархо волу Бадуев Саь1ид вина 1903-чу шарахь Соьлжа-Г1алахь, совдегаран доьзалехь. Жима волуш да кхелхина, хьалххехь т1елаца дезна цуьнан ц1ийнан дукъ, шел кегийра доьзалшна г1о-накъосталла, 1уналла дар т1едоьжна цунна.

6. Дийцаран чулацам бовзуьйту, т1аккха хозуьйтуш доьшуьйшту дешархошка, дийцаре до, цуьнан маь1на досту, хьехархочо т1едузу дешархоша шайн кхетамехь делла жоьпаш.

7. Къамел кхиор.

-Вайн таханлерчу урокехь шуна хазаза, ца девзаш долу дош дарий цхьа а? ( Дешархоша билгалдоккху шайна совдегар боху дош цадовзар, цуьнан маь1нах шаьш цакхетар).

Совдегар, совдегаран, совдегарна, совдегаро. Дукх. Тер. Совдегарш. Совдегар- хьал долу стаг. Къамелан дакъа-ц1ердош.

Нахарташ, нахартийн, нахарташна, нахарташа. Цхь. Тер. Нахарт. Нахарташ- ахча. Къамелан дакъа- ц1ердош.

Напха, напхан, напхана, напхо. Дукх. Тер. Ца долу. Напха- даар – малар, рицкъа. Къамелан дакъа- ц1ердош.

( Оцу дешнех пайдаоьцуш, барта кхоъ предложени х1оттайо)

8. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

-Мила ву вайн литературин бухбиллархо, исбаьхьаллин прозин юьхь йолийнарг?

-Муьлш бу «Олдам» дийцаран доьзал-турпалхой? Ц1ерш яха церан.

-Доьзалехь долу хьал, церан юкъаметтигаш муха гайтина автора? Къоман оьздангаллица йог1уш юй уьш ?

-Сапият муха стаг, муха нус, муха муха ц1еннана ю? Дийца цунах лаций.

-Муха ду дийцарехь 1адатийн маь1на?

- Х1унда кхоьссина, х1унда ластийна Олдама Элашби чоьхьаваьлча жима Ваха д1а?

-Вайнехан г1иллакхийн муьлха аг1онаш гайтина дийцар т1ехь?

(Дешархоша шайн кхетамехь жоьпаш ло хаттаршна, хьехархочо т1едузу )

9 Урокан жам1 а, рефлекси а яр.

-«Олдам» дийцар 1амор бахьанехь вайн къоман литературах, историх, адамийн дахарх х1ун керланиг девзи шуна?

-Таханлерчу урокан мах хадош муьлха аг1онаш дика яра я муьлхарш кхета хала яра аьлла билгалйохур яра аша?

- Шуна ца кхеташ диснарг х1ун ду вайн таханлерчу темах ?

10. Урокехь дешархоша бинчу белхийн маххадош, оценкаш х1иттор.

Дешархойн жоьпашка хьаьжжина, царна х1иттош йолу оценкаш хилар дийцаре до хьехархочо.

11. Ц1ахь бан болх балар. Бадуевн биографин а, дийцаран а чулацам схьабийца.

  • Другое
Описание:

Автор Минкаилова Малика Вахидовна
Дата добавления 23.09.2015
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров 1345
Номер материала MA-060866
Скачать свидетельство о публикации

Оставьте свой комментарий:

Введите символы, которые изображены на картинке:

Получить новый код
* Обязательные для заполнения.

Комментарии:

↓ Показать еще коментарии ↓