Главная / Другое / Урок. Масдарца дацаран дакъалг ца нийсаяздар.

Урок. Масдарца дацаран дакъалг ца нийсаяздар.

Нохчийн меттан урок.

7-г1а класс

Тема: Масдарца дацаран дакъалг ца нийсаяздар.

Урокан 1алашонаш:дешархойн масдарх долу хаарш т1еч1аг1дар, дацаран дакъалг ца масдарца нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар;дешархойн къамел кхиош, дешнийн маь1наш дастийтар; дешархой, дайн сий дан 1амош, кхетош-кхиор.

Урок д1аяхьар

"Дена вас ца еш дуьненахь вахар-Ду изаи иманах догт дуьзна хилар". (Уьнан цхьана аг1онна т1ехь д1аяздо х1ара дешнаш, иманехь кхетош кхиорна лерина долу).

1.Ц1ахь бина болх таллар.

"Сий хуьлда хьан, лераме да" мини-сочинени.

(Шина тобанера цхьацца дешархочо йоьшу шен сочинени)

2. 1амийнарг карладаккхар, хаарш таллар ( тестировани).

(Масдарх лаьцна стихотворенеш йоьшу шина тобан цхьацца дешархочо).

1.тоба

Масдар

Масдар- дац иза къамелан дакъа,

Амма дар я хилар гойту цо.

Вайн къамелехь масдарш ду дукха,

Хандашах хилла ц1ердош и ду.

Подлежащи я сказуеми цунах хуьлу,

Классашца, терахьашца и хийцало.

Карчам хилла а и масдар лела,

Ца хиллехь йиш йоцуш санна и хетало.

Масдар, масдар, х1ун бохург ду масдар?

Цунах ца кхеташ, хоьттуш ма лелалаш!

Оьшуш ду дахарехь вайна масдар довзар.

Масдарх долу хаарш аш диц ма делаш!

2.тоба

Масдар

Хандашах хиллачу ц1ердашах олу вай масдар.

Хьекъал ду цо дар я хилар гойтийла хаар.

Подлежащи я сказуеми хилла цуьнан лелар,

Т1ехь ду вайна массарна и масдар довзар.

Масдаран хуьлу тайп-тайпана хийцадаларш:

Классашца, терахьашца шен кеп цо хийцар.

Гойту цо г1уллакх цкъа я дукхазза дар а,

Т1ехь ду вайна массарна и дика тидар а.

Дожаршца чаккхенаш цу масдаро хуьйцу,

Дацаран дакъалг ца а цу масдарца лела,

Муха? Хаттарна жоп луш карчам а хуьлу,

Т1ехь ду вайна массарна и масдар дика 1амор.

Тесташца болх д1абахьар

1.Муьлхачу къамелан декъах кхоллало масдар?

а) ц1ердашах;

б) куцдашах;

в) хандашах;*

г) билгалдашах.

2. Масдар хийцало:

а) терахьашца, хенашца;

б) классашца, терахьашца;*

в) хенашца, дожаршца;

г) дожаршца, классашца.

3.Масдаран цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь суффиксаш х1орш ю.

а)-рг,-рш;

б)-иг,-ниг;

в)-лла,-лда;

г)-р,-рш.

4. Масдаран легар хуьлу:

а) 1-чу легарна чудог1у ц1ердешнийн санна;

б) лаамечу причастийн санна;

в) 2-чу легарна чудог1учу ц1ердешнийн санна;

г) лаамазчу билгалдешнийн санна.

5 Масдаро гойту...

а) х1уманан билгало;

б) массала я рог1алла;

в) дар я хилар;

г) тайп-тайпана билгалонаш.

6. Масдарх предложенин меже хуьлу...

а) подлежащи, х1оттаман сказуеми, нийса кхачам, къастам;

б) къастам, латтам;

в) сказуеми, лач кхачам;

г) кхачам , меттиган латтам.

3. Керла тема йовзийтар

(уьн т1ехь яздина ду х1ара масдарш)

вадар - ца вадар -чу ца вадар

эцар - ца эцар -т1е ца эцар

кхоссар - ца кхоссар - т1е ца кхоссар

хетар - ца хетар -къа ца хетар

валар - ца валар - айкх ца валар

Хьехархочун дош:

Вай керла тема йийца йолаяле хьалха дацаран дакъалг ца кхечу къамелан дакъошца муха яздо карладокхур ду вай.

Хьалхарчу тобано дуьйцур ду дацаран дакъалг ца цхьаьна яздеш долу къамелан дакъош.

Шолг1ачу тобано дуьйцур ду дацаран дакъалг ца къаьстина яздеш долу къамелан дакъош.

Хьехархо: Дешхьалхе маца язйо орамах къаьстина?

Тема йовзийтар:(дешархоша юьйцу тема)

Дацаран дакъалг ца масдарца даим а цхьаьна яздо... Масала:цакхетар, цалаар, цавашар, цатешам.(Хьалхара тоба)

Дацаран дакъалг ца масдарца хьалха а, дешхьалхенашна т1аьхьа а, чолхечу масдарех шина орамна юкъехь а нисло. Массанхьа а масдарцы дакъалг ца цхьаьна яздеш ду...Масала: чуцакхетар,т1ецакховдар,дагалацар.

( Шолг1а тоба)

Уьн т1ера масдарш, дакъалгаш т1етохарца, д1аяздо тетрадаш т1е.

Дешархоша йоьшу темина йолу бакъо.

4.1амийнарг т1еч1аг1деш, кхочушдо 199-г1а шардар.

Хьалхара ши предложени д1аязйо тетрадаш т1е

5. Кхетош-кхиоран болх кхин а д1абахьар

,,Рицкъа хиларш пайда бац, иза хьаште хьовзо ца хаахь,,

-Х1ун дог1у рицкъ бохучу дашна юкъа?

-Муха кхета шу оцу кицанан маь1нах?

6.Урокан жам1 дар. Рефлекси яр.

Урокан жам1 до кроссворд т1ехь дацаран дакъалг ца юкъахь долу дешнаш-жоьпаш нийсаяздарца.

7. Ц1ахь бина болх балар

Мини-сочинени,,Стаг а, 1алам,, 1амийнарг карладакхар.

8. Дешархойн белхан мах хадор

( Дешархойн коментари йо вовшийн йо вовшийн хаарийн, оценкийн)

Урок. Масдарца дацаран дакъалг ца нийсаяздар.
  • Другое
Описание:

Автор Минкаилова Малика Вахидовна
Дата добавления 23.09.2015
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров 538
Номер материала MA-060865
Скачать свидетельство о публикации

Оставьте свой комментарий:

Введите символы, которые изображены на картинке:

Получить новый код
* Обязательные для заполнения.

Комментарии:

↓ Показать еще коментарии ↓