Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
Нохчийн г1иллакх-оьздангалла Тесташ1. Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта лехам муьлха бу?а) даржехь болу нах ларар;б) хьал-бахам, даьхни гулдар;в) адам ларар;*г) нах бовза лаар.2. Нохчех элий хила г1ерташ болу нах халкъо х1аллакбина, нохчо массо а эла ву аьлла, д1акхайкхина хан (оьмар) муьлха ю?а) XV; *б)XIV;в)XII;г)XIX.3. Нохчаша пхьоьхана муьлш буьтуш ца хилла?а) к1ентий;б) зударий;*в) божарий;г) баккхий нах.4. Вайн къоман г1иллакх-оьздангалла лелаярна, нехан вон-дика дерзорна, боьршачу стагана туьллуш йолу уггар лакхара ц1е муьлха ю?а) инарла;б) хьаькам;в) къонах;*г) эпсар.5. Маса дийнахь хьешана хьошалла дар т1ехь деза лору вайн къомо?а) 5;б) 4;в) 2;г) 3.*6. Хьаша-да т1евоьссинчу х1усамдена х1н дича, цуьнгара х1ун даьлча дог1у т1е уггар доккха эхь?а) хьешана тешнабехк бича, иза бохамах лар ца вича;*б) хьешана хьошалла ца дича;в) хьаша лерина синкъерам ца бича.7. Хьешана, ша иза лерина дийнна уьстаг1 бийнийла хоуьйтуш, х1усамдас цунна хьалха уьстаг1ан муьлха меженаш йохкуш г1иллакх ду вайн къоман?а) уьстаг1ан котра хьалхабуьллу;б) уьстаган т1а хьалхадуьллу;в) уьстаг1ан массо а меженаш хьалхайохку;г) когаш, кортий хьалхадуьллу. *8. Доьзалхо иманехь кхетош-кхиор хьенан коьрта декхар ду?а) хьехархочун;б) ден-ненан; *в) юкъараллин; г) гергарчу нехан.9. Муьлхачу а къоман оьздангаллин синмехаллаш, синц1еналла шайн т1аьхьене цара д1а муха, стенца кхачош хилла?а) телевиденихула;б) газеташкахула;в) радиохула;г) ненан меттахула. *10. Дала Ша мел кхоьллинчу адамашна хи, малх санна елларг х1ун ю?а) безам;б) тешам;в) маршо; * г) собар.11. Нохчийн доьзалехь зудчо лардан деза уггар коьрта декхар муьлха ду?а) бахам гулбар;б) х1усам ц1ена латтаяр;в) ц1ийнан ц1е ларъяр; *г) шена т1ехь кечъелла лелар.12. Кест-кеста хьаша-да вог1у х1усам муха лийрина вайн дайша, нохчийн къомо?а) хьалдолуш;б) оьзда;в) ц1ена;г) беркате. *13. Шен х1усаме лераме хьаша-да воьссича, х1ун деш хилла вайн дайша?а) ловзар х1оттош;б) синкъерам беш; * в) той х1оттош;г) белхи беш.14. Стеган оьздангалла стенца, муха билгалйолу?а) стеган леларехь; * б) стага бечу балхах;в) могуш-маьрша хиларехь;г) стаг каде хиларехь.15. Вайн къоман оьздангаллин бехкамийн гурахь стага ша латтавар стенца гучудолу?а) стагехь эхь-ийман хиларца;б) стаг тешаме хиларца;в) стагехь собар хиларца; г) ша шен ворх1е дена а, ворх1е т1аьхьенна а хьалха декхарийлахь вуйла хаарца. *16. Нохчийн кхетамехь адамийн дахар мел деза лерина, "дуьне дохар" стенца доьхна олу вайнаха?а) т1ом баьча;б) бохамаш хилча;в) маьрша стаг вийча (махках ваьлча); * г) мохк бегийча.17. Бусалба дин т1еэцале хьалха, хьешийн, шуьнахойн хашташка хьовсуш лелачу кегийрхойх х1ун олуш хилла?а) г1оьнчаш;б) геланчаш;в) хьадалчаш;г) маклаттархой. *18. Хбаша-да веача, зудчо уггар само ян дезарг х1ун ду?а) цунна лерина синкъерам бар;б) цунна мехкарий бовзийтар;в) юург-мерг дика кечъяр; *г) хьал-де оьзда хаттар.19. Нохчаша хьеча - дена деш хиллачу совц1ийнах х1ун олу?а) от; *б) хьешан ц1а;в) уче;г) тьола.20. Тезета воьдучу стага уггар хьалха тидам стенна т1е бахийта беза?а) бахамна;б) духарна;*в) бохамна;г) леларна.
6 663 899 материалов в базе
Настоящий материал опубликован пользователем Радченко Евгения Валериевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Курс повышения квалификации
72/180 ч.
Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Мини-курс
6 ч.
Мини-курс
3 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.