Главная / Другое / Терахьдешнийн кхолладалар а, нийсаяздар а.

Терахьдешнийн кхолладалар а, нийсаяздар а.

Нохчийн меттан урок

6-г1а класс

Тема: Терахьдешнийн кхолладалар а, нийсаяздар а.

1алашо:Дешархойн терахьдешнех долу хаарш т1еч1аг1дар; терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар; дешархой кхетош-кхиор.

Т1ехьажаман г1ирс: Терахьдешнийн нийсаяздаран таблица, кехаташ, орфографин дошам.

Урок д1аяхьар.

1) Ц1ахь бина болх таллар.

П 23, 141-г1а шардар.

2) 1амийнарг карладаккхар.

- Х1ун гойту терахьдашо?

- Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?

- Даладе масалш цхьалхе а, кхолладаларх лаций.

Тесташца таллам бо дешархойн терахьдешнех долчу хаарийн.

Тест 1. Х1уманан рог1алла я масалла муьлхачу къамелан декъо гойту?

а) хандашо;

б) ц1ерметдашо;

в) терахьдашо+.

Тест 2. Ц1ердашо цхьаьна лелачу терахьдашах Х1ун терахьдош олу?
а) лааме;
б) лаамаза;
в) ларамаза.

Тест 3. Масаллин терахьдешнех рог1аллин терахьдешнаш муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало?

а) –лг1а,-алг1а+;

б) –рг,-рш;

в) –иг,-ниг.

Тест 4. Предложенин муьлха меже хуьлий лела лаамаза рог1аллин терахьдош?

а) латтам;

б) къастам+;

в) кхачам.

Тест 5. Предложенин муьлха меже хуьлий лела лааме рог1аллин терахьдош?

а) подлежащи я къастам;

б) подлежащи я сказуеми;

в) подлежащи я кхачам+.

Тест 6. Муха кхоллало декъаран терахьдешнаш?

а) масаллин ши лард цхьаьнакхетарца+;

б) рог1аллин ши лард цхьанакхетарца;

в) чолхе терахьдешнаш цхьанакхетарца.

Тест 7. Муха кхоллало дакъойн терахьдешнаш?

а) рог1аллин терахьдашна масаллин терахьдош т1екхетарца;

б) масаллин терахьдашна рог1аллин терахьдош т1екхетарца+;

в) масаллин терахьдашна т1е суффиксаш кхетарца.

3. Хьалххе хаийтаран диктант.

1990-чу шарахь Нохчийчохь халкъо хаьржина Нохчийн депутаташ бара: Лакхарчу Советехь-113, районийн Советашкахь-900, яртийн, поселкийн, г1аланийн Советашкахь-2000…Х1етахь лаххара а 50 эзар стагах лаьттара нохчийн интелегенци.

(Хозуьйтуш доьшу терахьдешнаш, толлу церан нийсаяздар).

4. Кхетош-кхиоран болх д1абахьар .

Даладо г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кхо кица.

-Г1иллакхца бен къонах хилла вац.

-Нехан даг т1ера вожарал доккха вон дац.

- Болх бечу кхаьчча – болх бе, юучу кхаьчча-яа.

Хьехархочун г1оьнца досту кицанийн маь1наш.

Ткъа х1инца г1иллакх- оьздангаллах лаьцна кхин хьан х1ун дуьйцур дара?

(Шина дешархочуьнга дуьйцуьйту шайна баккхичаьрга хезнарш).

5. Керла тема йовзийтар.

Тайп-тайпанчу терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш, таблицах пайда а оьцуш, дешархошна йовзуьйту.Йовзуьйту 24-г1а бакъо. Пхеа дешархочуьнга карточкашца болх бойту.

6.1амийнарг т1еч1аг1дар. Кхочушдо 146-г1а шардар.

Терахьдешнашна к1ел сиз хьокху, юьйцу нийсаяздаран бакъонаш.

- Мила ву оцу шардар т1ерачу кийскан автор? ( Айдамиров Абузар ).

- Хьан дуьцур дара Айдамиров Абузарх лаьцна?

- Муьлха произведени 1амийна аша Айдамиров Абузаран?

( Айдамиров Абузарх лаьцна дуьйцу, хаттаршна хаттаршна жоьпаш ло дешархой )

7. Урокан жам1 дар. Рефлекси яр.

Муха ю тайп-тайпанчу терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш ? Дала до масалш.

8. Ц1ахь бан болх балар.

24-г1а п, мини-сочинени ,, Г1иллакх-ах дин,,.

9. Дешархойн белхийн мах хадор.

  • Другое
Описание:

Автор Минкаилова Малика Вахидовна
Дата добавления 23.09.2015
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров 1269
Номер материала MA-060864
Скачать свидетельство о публикации

Оставьте свой комментарий:

Введите символы, которые изображены на картинке:

Получить новый код
* Обязательные для заполнения.

Комментарии:

↓ Показать еще коментарии ↓