Главная / Другое / Статья. "Ойла е Вай"

Статья. "Ойла е Вай"

ОЙЛА Е ВАЙ……

Деллахь, ма нисса дешнаш аьлла-кх цо. Со тахана ч1ог1а цецвуьйлу т1екхуьучу чкъурах. Х1ан-х1а, церан дайн-нанойх. Шеконе дуьллу- кх цара вайн ворх1е а а дайшкара схьадеана г1иллакхаш, г1иллакхаш лардаран оьздангалла а.

Тхо цкъа а ца хастадо-кх аша аьлча, тхан нанас даима олура: дас хестийна горв хьалхаяьлла яц.

Со ала г1ертарг-м бер чехойш кхиаде бохург дац, ма хьаста бохург а дац, дог ма эца бохургг а дац. Таханлерачу чолхечу, кегаеллачу заманахь, цхьаболу дай-наной тур-тапча а доккхий, шеен беро боьттинчу аьшпех а теший, хьолхий боьду школе. Амма дукхахьолахь юьхь1аьржа а х1уттий, д1абоду. Шуна гиний цкъа а д1а ма дийна дитто стом луш? Гур а бац цкъа а! И уггаре а 1овдалчунна а хуур ду. Амма х1ора а денна шайн бераш телевизоршна а, компьютершна а хьалха а хевшина, и ч1ог1а зуламечу передачашка хьуьйсучу хенахь церан тидам х1унда ца бо, терго хьунда ца йо? Оьрсийн маттахь маьттаза мел дерг, акхаройн бежнийн амалш ю кхиош ерш. Вайн маттахь цхьа сийсаз а дош дац телевизорчухула олуш, амма таханлерчу кегийчу берашка ладоьг1ча, со ч1ог1а холчахутту , хезаш дерг: « Ас хьо кагвийр ву», « Вуьйр ву», « Д1алакъалахь», Соьца лата воа, боьрша велахь» и д1. кх. Моьттур ду и дешнаш дерриге цара д1адуьзна.

Мичара схьадог1у и? Телевизорехула. Суна ч1ог1а хазахетара мультфильмаш хьалха, х1инца цу чохь гойтуш ду маьттаза мал дерг ницкъ бар, летар,ц1ий… Тоьар ма бара вай бина т1емаш! 21-б1ешо доладелча мукъане а вай йоза -дешарна т1едерза мегар дацарате? Яхь, г1иллакх , оьздангалла 1амо мегар дацара-те?

Вайн дайша лайна 1азап, баланаш, мацалла. Тахана урокехь д1ачутоьттуш ю ( урок хилча а, ца хилча а бен а яц) гамбургераш. Моьттур ду , 40 минотехь ца юуш 1ийча мацалла лийр бу.

Оьрсийн цхьа кица ду.: « Сытое брюхо к учению глухо» («Юьзна гай хааршна къора ду») и хилла-те вайн берашна?

И форма ца эцало бохуш боьлхуш болчара тайп-тайпана ц1армат мел йолу , къегаш мел йолу бедарш . оьцуш берашна. Моьттур ду уьш х1инцца циркехь шаьш гайта безаш бу. Церан метта эцийша шайн берашна ца тоьуш йолу 1аматаш, шайн берашна деша лаахь. Хьалха учебник ца хилча,уьш кхето хала ду, хьехархочо кхетийначул т1аьхьа шаьш болх бан ма беза цара, цхъа а стаг коч, бедар тега 1емар вуй, ша маха кара а ца оьцуш, даима а йоруш йолчуьнга хьоьжуш 1ийча?

Бераш мукъа а ца дуьтуш , царна г1уллакх дан 1амийча а х1умма хир дац царна. « Г1уллакх динарг велла вац». Олуш 1амийна тхо. Аса ца боху дан ца луш долу г1уллакх дайта. Ницкъ кхочург. Цо зен дийр дац : дика амалш кхиор ю дена-нанна г1о хир ду, шайна 1амор хир ду.

Со кхин а цецвоккхург ду цхьаболчу дай-наноша шайна мотт оьшуш бац бохург. И бохучарна юкъахь дукха хьолахь цхьаболу хьехархой а хуьлу. Шеко йоцуш кхеташ ду, и тайпа хьехархоша доьшучохь муха дешна.

Нана а , ненан мотт а и кхетамаш вовшах муха бохур бу? Амма ненан мотт ца 1амийна аьлла дохкобевлларш-м гина суна.

Сан урокашкахь нохчийн мотт дика 1амош суьйлий а, г1умкхий а хилла, кхечахьара ц1а баьхкина шайн берашна мотт 1амабахьара ахьа, олий дуккха а дай-наной а хилла.

Мотт-м муьлххачу а къоман хиларх а, хаар зене дац, тахана муххале а.

Шен мотт ца ларар-кхерчан да цахилар , кхерчан да цахилар-маьттаза вахар ду».

Маьттаза а ца дехаш,г1иллакх-оьздангаллица бераш а 1амош даха хьовсий вай? Шуна муха хета? Шу а дезаш, шун бераш а дезаш волу Альви.

учитель чеченского языка и литературы

МБОУ « Гудермесская СШ №1»

Минкаилова Малика Вахидовна.

Статья. "Ойла е Вай"
  • Другое
Описание:

Автор Минкаилова Малика Вахидовна
Дата добавления 10.10.2015
Раздел Другое
Подраздел Другое
Просмотров 244
Номер материала MA-061161
Скачать свидетельство о публикации

Оставьте свой комментарий:

Введите символы, которые изображены на картинке:

Получить новый код
* Обязательные для заполнения.

Комментарии:

↓ Показать еще коментарии ↓