Главная / Другое / СТАТЬЯ. " Г1ИЛЛАКХАХ МА ДОХИЙ ВАЙ!"

СТАТЬЯ. " Г1ИЛЛАКХАХ МА ДОХИЙ ВАЙ!"

Г1ИЛЛАКХАХ МА ДОХИЙ ВАЙ!

Д1аоьху зама… Х1ан-х1а, д1ауьду. Уьду иза-м, шен болар эцна. Т1аьхьауьду вай. Са а, пха а кхачийна. Мича кхача г1ерта-м ца хаьа. Вовшашка б1аьрахьажа, довха дош ала, дагт1ера г1айг1а-бала айа, жиманиг хьаста, воккхачун дог эца…

Бакъдерг аьлча, жиманиг ца хьосту бохург-м бакъдац, воккханиг совволу-кх доьзалшна. Шен бер нанна дезий-м муьлхачунна а кхеташ а, хууш а ду. Амма нахана юккъехь гуттар а шен бер хьестар товш ца хета. Автобусаш т1ехь а, маршруткаш т1ехь а шен бер цкъа а ца гича санна, хьоьстуш хуьлу цхьаберш. Вайн къоман г1иллакхашца дог1уш ца хилла иза!

Цхьана йоккхачу стага олуш хезнера суна: «Дог1уш тоьхна т1ара шен хеннахь диллина хи санна ду».

Ас бохург бер кхерош етташ кхио деза бохург дац. Со ванне а вац та1зарна т1ера.

Цкъа дешархочунна «арз» эцна ваханера со дена-нанна т1е. Дас хабар дах а ца деш, туьйхира к1антана.

Нанас качвеш, дас та1зар деш хилча, беро шен «аьтто» лоьху, к1илло 1ема, аьшпаш ботта 1ема.

К1анта ца дешарна нанна хьехархой бехке хийтира. Нанна цхьа бер 1ама ца делча, хьехархочо х1ун дан деза?

Дас-м со дика веъна а элира, воьхна а хьаьвзира. Амма сан дог лазаделира. Ас дош даьккхира дегара, цо берана кхин тухур яц аьлла.

Сацам бира, кхин цкъа а арз эцна г1ур вац аьлла. Со ала г1ертарг-м, ден-ненан а, хьехархочун и цхьатерра бакъонаш яц бохург ду. Х1инца шен «праваш» хаьа, и «обязанность» боху дош хаа а ца лаьа.

Бераш кхиориг, 1амориг дукха хьолах нана ю. Бераш де озаболуьйтург а нана ю.

Ден-ненан хьалха кхиъначу ткъа шарачохь дас цкъа а човхийна а, тоьхна а яц суна. Амма дас ц1ерга эккха аьлча, эккха кийча хила. Дуьхьал дош далор-м хьеха а ма де.

Цхьацца доьзалшкахь хезаш суна ши дош хуьлу: «Ахча ло!». Ахча доьху нене. Нанас ло. Беран «аппетит» хьалайолу. Даларан бахьана: шайна хила хала бералла ца хилийта г1ерта. Амма ма бакъ дацара иза! Царна-м мел дукха дели а дукха деза.

Къахета-кх ишттачу ненах, цуьнан бер деха бен 1емина дац! Шайга аьлла г1уллакх а ца до, ахча ца лахь.

Вай-м американцаш хила ма девлла! «Белхи» бохург-м хьехочохь а дацара.

Нохчийн кица ма ду: «Кица кет1а хьанна ца х1оьттина?», аьлла. Серах ца бина х1оз хьокханах балур буй-те?

Амма, тахана дукхахьолахь хезаш дерг: «Это не мои проблемы! Это твои, ваши проблемы».

Вайн къоман цкъа а ца хилла и тайпа «философи» х1инца ма ч1ог1а яьржина! Вайн ворх1е дайшкара дуьйна схьавеънарг-м кхин ирча ма яра: «Со хьажа г1уллакх дуй?». Куьйгех куьг тоьхна а шаьш дина х1ума ца хилча а, хьо шайга цхьа х1ума йоьхуш санна, дуьххьалд1а хьоьга ладоьг1на а шайн хало ян ца лаьа.

Адин Сурхой, Таймин Бийболатг1ар хир бу-м ца боху ас, «тоьпаца, таррашца каде бала ойуш». Х1инца тур-тапча а оьшуш ма дац уьш айа.

«Вон нах байа доьду аьлча, уггар вочо тур ирдина боху».

Тоьпаца, турца массо а дахаран шеддаш хедалац.

Дуьненна а вевзачу нохчийн политолога Абдурахмана Авторхановс вайга «къолам каралаца ма баьхнера».

Бераш кхетош-кхио ч1ог1а хала ду. Гуттара хала ду тахана нохчийн меттан хьехархочунна т1екхуьучу чкъурана г1иллакх-оьздангалла 1амор (сахьташ тоьаш дац, нохчийн маттахь Ахмадов Мусан. «Г1иллакх-оьздангалла» ч1ог1а дика 1амат ю, амма цунна лерина тхан школехь сахьташ дац).

Иштта качвина цхьа «къонах» ша волччохь ц1енкъа туьйнаш детташ гу. Ас бехк боккху «къонахчуьнга», х1унда лела хьо оццул оьзда воцуш?

Цецвоккху деллачу жоьпо: «Ахь х1ун дуьйцу хаьий хьуна? Вайна –м «на дворе 21 век яй! И ахь юьйцу г1иллакх-оьздангалла д1аяьлла хьуна!».

Х1ун бехк бу цу беран и г1иллакх-оьздангалла-м шайн доьзалера схьайог1уш ю, уггар хьалха доьзал, т1аккха ю школа.

Сайна Деле собар а дехна, боху ас: «Ткъа 21 век кхаччалц вайн ворх1е дайша ца йойуш вайга схьакхачийна, 1алашйина и г1иллакх-оьздангалла вайна т1екхаьчча вай х1урпака йина яйа еза, б1ешерашкахь хьалха и да-нана д1акхийса дина тускарш юха оьшур дуй-те иштта хилча?

Аш тахана сий ца дича ден-ненан, шун т1аьхьено дийр дуй шун сий-пусар?».

Адин Сурхо а вийци оха, Таймин Бийболат а вийци, нохчаша Сибрехь лайнарг а дийци оха, мацаллех, баланех лаьцна а дийци.

….Тийналла х1оьтти класса чохь. Ц1ийвели «къонах». Къинт1ера а валар а дийхи.

Д1адаханчух лаьцна царна дийца ден-ненан зама яц. Я дийца а ца лаьа. Амма со тешна ву, 1илманан к1орге ца йовзахь а, ца лаахь а, царна иштта урок йицлур яц, уьш г1иллакхах бухур бац.

Суна уггар а мехала ду цу школера дешна бевлла дешархой доггах соьга могаш-маршалла хаттар а, некъ цахадор а, уьш г1о дан кийча хилар а.

Ас вийцина «къонах-м» х1инца «къонах» вац, вуьззина къонах ву.

Учитель чеченского языка и литературы

МБОУ «Гудермесская СШ №1».

Минкаилова Малика Вахидовна

СТАТЬЯ. " Г1ИЛЛАКХАХ МА ДОХИЙ ВАЙ!"
  • Другое
Описание:

Автор Минкаилова Малика Вахидовна
Дата добавления 10.10.2015
Раздел Другое
Подраздел Другое
Просмотров 257
Номер материала MA-061159
Скачать свидетельство о публикации

Оставьте свой комментарий:

Введите символы, которые изображены на картинке:

Получить новый код
* Обязательные для заполнения.

Комментарии:

↓ Показать еще коментарии ↓

Похожие материалы