Главная / Начальные классы / Рабочая программа по чеченскому языку в 3 классе

Рабочая программа по чеченскому языку в 3 классе

`

Юкъара дешаран муниципальни учреждении

« Юкъерадешаран школа № 50»

Соьлжа- г1алин





« Утверждаю»

Директор СОШ № 50

____ Муступаева Л.Р.

Приказ № _____ от

«___» ______ 2014г.









Юьхьанцарчу классашна лерина

нохчийн меттан герггарчу

хьесапехь йолу программа

3«А» классан

Э.Х. Солтаханов, И.Э. Солтаханов

Хьехархо: Магомедхаджиева М.В.

















2014-2015 деш.ш.









Нохчийнметтан юьхьанцарчуклассашнагерггарчухьесапехьйолупрограмма



ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Нохчийн меттан предметан башхаллаш,1алашонаш, декхарш

Юьхьанцара юкъарадешаран школа - мехала, керла, жоьпаллин мур бу беран дахарехь: х1окху школехь д1адолало диллина долу дешар, кхузахь шорло цуьнан гонахарчу дахарца йолу юкъаметтигаш, хийцало юкъараллин дарж а, ша -шен вовзийта оьшуш хилар а совдолу. Т1аьхьа хиндолчу дерриге а дешаран бух кхуллу юьхьанцарчу школашкахь. Юьхьанцарчу школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан 1илманан декъехь шен маь1ница а йоккха меттиг д1алоцу. Цуьнан дешарца а, кхетамца кхиорехь а доккха маь1на ду.

Маттах лаьцна хаарш, барта а, йозанан а къамелан хаамаш караберзорца дешархойн таро хуьлу кхийолу дешаран предметаш а кхиамца 1амо, цуьнца цхьаьна гонахарчу дахарх дозуш долу шайн хаарш шордан.

«Школана хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь 1аламат доккха маь1на ду ненан меттан, х1унда аьлча школо болх оцу маттахь д1аболорца караерзайо беро дахарехь гулйина а ненан маттахь билгалйолуш йолу а хьекъалан хазна. Оцу кийчачу буха т1ехь школо д1ах1оттабо ша кхид1а а бен болу болх, аьлча а дуьненах лаьцна болу берийн кхетам алсам а боккху, уьш г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиорехь а царна дешар 1аморехь а дерриге а декхарш кхочуш а до.

Юьхьанцарчу муьрехь ненан мотт хьехаран коьрта декхар ду къамелан г1уллакхан цхьадолу тайпанаш 1амор (кьамеле ладог1аррий, цунах кхетаррий; вистхила 1аморрий; дешаррий, йозий). Цул сов, оцу муьрехь ондда бух кхолла беза ненан маттахь вовшашца т1екаре хила хаарна, иза берашна хьехаран а, кхетош-кхиоран а коьрта г1ирс хилар хаийтарна.

Цуьнца цхьаьна кхийолчу дешаран предметийн санна, не нан матто юьхьанцарчу муьрехь кхочушдан деза цхьадолу мехала юкъара г1уллакхаш а:

дешархойн 1аламах а, юкъараллих а долу хааршший, 1илманан юьхьанцара кхетаммий кхиор;

логически а, васт х1отторан а ойла кхиор;

къинхьегаме а, цуьнца цхьаьна дешаре а болу лаам кхиор;

лакхарчу классашкахь кхиамца деша бераш кечдар;

гонахарчу дахарца йолу юкъаметтиг а, нахе йолу нийса дог-ойла а кхетош-кхиор»1.



Программин бухе ехкина х1ара принципаш:

-уьйран принцип, къамел кхиоран декъехь дешархой т1екаре хила 1амор шегара лоьхуш йолу;

кхетамаллин принцип, мотт 1аморца доьзнарг кхетам болуш 1амор лоьхуш йолу.

Дешархошна бовзуьйту дешан фонетически, морфологически х1оттам, цара 1амадо коьрта къамелан дакъош а, церан грамматически категореш а, предложенехь оцу къамелан дакъоша кхочушден синтаксически г1уллакх а. Лексически а, грамматически декъехь дешнаш карадерзор деа шарахь д1ахьо.

Грамматически а, орфографически а материал программи юкъа ялийна х1ора т1ейог1учу классехь т1етт1а шоръяран, Солтаханов Э. Х., Солтаханов И. Х. «Соьлжа-Г1ала», 2013.

Программехь коьрта меттиг д1алоцу т1екаре хила 1аморан карадерзораш, шардарш кхиоран балхо. Барта къамел кхиор хила деза дешархойн коьртачу тидамехь уьш еша а, яздан а 1емачу хенахь а, грамматикех болу хаамаш царна бовзуьйтуш а, йозаелла тексташ х1иттош а, упражненеш кхочушъеш а.

Х1ора урокехь берийн дистхилар алссам хила деза: хаттарш деш, царна жоьпаш луш, шайх лаьцна дуьйцуш, вовшашца къамел деш, хьехархочуьнца юкъаметтиг лелош, ешначун чулацам юхасхьабуьйцуш.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан 1алашонаш:

-т1екаре хила дезаран, йоза-дешар кхид1а а 1амо дезаран 1алашонца нохчийн мотт караберзор;

-къамелдаран хьуьнарш кхиор, нохчийн маттахь вовшашца т1екаре лело хаар;

-нохчийн меттан лексикех, фонетикех, грамматикех болу т1еххулара хаамаш караберзор;

-ладог1а, вистхила, шен маттахь еша, яздан хаар карадерзор;

Нохчийн Республикин пачхьалкхан нохчийн матте шовкъ кхоллар, шен къоман культурин дакъа иза хиларе терра.

Дешаран предметан чулацаман мехаллин аг1онаш:







Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархойн программа караерзийча хила деза жам1аш:

-дешархой синъоьздангаллин мехаллаш евзаш, къоман г1иллакх-оьздангаллин баххаш т1ехь кхиъна хилар; -доьзалан дахар девзаш хилар; -къоман культура а, бусулба дин а девзаш хилар;

Росси пачхьалкхан гражданин ша вуйла хууш хилар; -синъоьздангаллин мехаллаш кхиор дешархойн коьртачу

г1уллакхашна т1е дахар: урокийн, урокел арахьарчу а, юкъараллин пайдечу а.

Дешаран планехь нохчийн матто д1алоцу меттиг

Программа х1оттийна юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан буха т1ехь, базисни дешаран планан 2-чу варианто нохчийн маттана луш йолчу таронашца нисъеш. Нохчийн мотт хьехаран башхалла билгалъяьккхина тематически планаш т1ехь. Мотт хьеха билгалдина сахьташ кху кепара ду: 1-чу классехь 99(йоза-дешар) сахьт, 2-чу классехь 102 сахьт, 3-чу классехь 105 сахьт, 4-чу классехь 102 сахьт - дерриге а 405 сахьт.

Ала деза, х1ара программа герггарчу хьесапехь ю. Герггарчу юьхьанцарчу юкъарадешаран программин буха т1ехь х1отто езаш ю пачхьалкхан аккредитаци йолчу дешаран учрежденин дешаран г1уллакхан декъашхойн хьашташка а, оцу дешаран учрежденин башхалле хьаьжжина а йолу юьхьанцарчу дешаран юкъарадешаран программа.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан метапредметни жам1аш:

хезаш долу къамел цхьатера т1елацар (баккхийчара а, шен нийсархоша а олург, берийн радиопередачашкахь, аудиозаписашкахь, кхечу хаамийн технологийн кепашкахь хезарг);

дешнаш, дешдакъош, аьзнаш, аьзнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш ала а, х1итто а карадирзина хилар;

билгалйинчу темина диалог х1отто, даьржина а, доцца хаттаршна жоьпаш дала а, диалог д1айоло а, чекхъяккха дог дар карадирзина хилар;

кечам бина а, боцуш а, кхеташ, сиха къастош ешар, текст йоцца а, хоржуш а юха схьайийцар карадирзина хилар;

хьехархочун г1оьнца а, ша а орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъеш талламан а, 1аморан а кепара белхаш кхочушбан хаар карадирзина хилар;

ша язбина белхаш талла а, нохчийн маттах шен долчу хааршна вукху предметашца дустарца анализ ян а хаар карадирзина хилар;

нохчийн меттан чулацаме хьаьжжина юьхьанцарчу дешаран материальни а, хаамийн а гонахехь болх бан хаар карадирзина хилар;

школехь а, школал арахьа а нийсархошка а, баккхийчаьрга а вистхила хаар карадирзина хилар.



Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан предметни жам1аш:

ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар;

нохчийн меттан фонетически система евзаш хила езар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар;

шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар;

дешнаш, церан грамматически форманаш а евзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар;

нийсаяздаран бакъонаш евзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш;

карадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, евзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст юхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлаяр);

хезаш а, шен дагахь а, къастош а еша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар;

текст дакъошка екъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар;

мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.

Белхан тайпа

1-ра класс

2-г1а класс

3-г1а класс

4-г1а класс

диктант

5-25

20-25

40-45

60-65

изложени

-

20-25

55-65

80-90

сочинени

-

20-30

40-50

70-80



Нохчийн меттан календарни – тематически план

Урокан чулацам

Сахьт

Де

ЦI./б

План

Факт

1 чийрик – 27с.

Iамийнарг карладаккхар (27с)

1

Карладаккхар. Къамел. Дош. Предложени

1

3.09


А. 7 ш.№ 8

2

Къамел. Дош. Предложени

1

5


А. 9 ш. №12

3

ХIуманаш билгалъен а, церан дар а, билгало а, гойту дешнаш

1

8


А. 12ш.№19

4

Къ/кх Суьртах пайда а, оьцуш предложенеш хIиттор

1

10


А.16ш. №27

5

Доккха элп

1

12


А. 18 ш.№32

6

Нохчийн алфавит

1

15


А.21 ш.№40

7

Мукъачу озан билгалонаш

1

17


А.22 ш № 44

8

Талламан болх

1

19


*****

9

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

22


А. 25 ш№47

10

Деха а, доца а мукъа аьзнаш

1

24


А. 25 б/I,№51

11

Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш

1

26


А.28 б/I,№59

12

Къ/кх Изложени «БухIанан кIорни»

1

29


*****

13

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

1.10


А. 30 ш№61

14

Мукъаза шиъ шалха элп нийсаяздар

1

3


А.31 б/I,№64

15

Мукъаза шиъ шалха элп нийсаяздар

1

6


А.32 ш№67

16

Къасторан хьаьркаш

1

8


А.34 б/I,№71

17

Къасторан хьаьркаш

1

10


А.36 ш№74

18

Къ/кх Сочинеи «Гуьйре»

1

13


*****

19

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

15


А.37 ш№76

20

Доца шеконан мукъа аьзнаш

1

17


А.37 б/I,№79

21

Доца шеконан мукъа аьзнаш

1

20


А.39 б/I,№81

22

Дешан чаккхенга Н яздар

1

22


А.42 б/I,№88

23

Дешан чаккхенга Н яздар

1

24


А.45 хат.

жоп . далар

24

Iамийнарг тIечIагдар

1

27


А.4-42 б/к

25

Контрольни диктант

1

29


*****

26

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

31


*****

27

Ловзуш, Iема «Дош кегаделла»

1

**


*****

2 чийрик – 21с.

Предложени – 6с

28

Предложени

1

10.11


А.47 ш№96

29

Дийцаран, хаттаран предложенеш

1

12


А.49б/I,№105

30

Айдаран предложени

1

14


А.54б/I,№111

31

ТIечIагдар. Дийцаран, хаттаран, айдаран предложенеш

1

17


А.57ш№115

32

Талламан болх

1

19


*****

33

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

21


А.58ш№117

Предложенин коьрта а, коьртаза меженаш- 8с

34

Предложенин коьрта а, коьртаза меженаш

1

24


А.60ш№120

35

Подлежащи а, сказуеми а

1

26


А.61ш№122

36

Коьрта а, коьртаза а меженаш къастош упражненеш кхочушъяр

1

28


А.62б/I,№126

37

Хьан? Стен? хаттарна жоп лун дош гуттара подлежащи хилар

1

1.12


А.64б/I,№128

38

Къ/кх Сочинени «Iай хьуьнхахь»

1

3


*****

39

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

5


А.66ш№134

40

Предложени а, дешнийн цхьанакхетарш а

1

8


А.69б/I,№138

41

Къ/кх Дешнийн цхьанакхетар. «Сокольникера ёлка» цIе йолу дийцар хIоттор

1

10


А.72-73 б/I

Дешан хIоттам – 24с

42

Дешан хIоттам. Орам

1

12


А.73б/I,№146

43

Къ/кх Гергарчу дешнийн орам билгалбаккхар шардар. Дийцар хIоттор

1

15


А.75б/I,№151

44

Орамехь шала мукъазнаш яздар

1

17


А.80б/I,№163

45

Iамийнарг тIечIагдар

1

19


А.49-64 б/I

46

Контрольни диктант

1

22


*****

47

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

24


А.69-80 б/I

48

Самукъане ловзар «Дешдакъойн лото»

1

26


*****

3 чийрик – 30 с.

49

Чаккхе

1

12.01


А.83 б/I,№

50

Дешнехь чаккхе а, орам а билгалдаккхар шардар

1

14


А.85ш№171

51

Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздар

1

16


А.88б/I,№180

52

Талламан болх

1

19


*****

53

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

21


А.86ш№173

54

Дешхьалхе

1

23


А.90б/I,№191

55

Дешхьалхе а, дештIаьхье а

1

26


А.94б/I,№198

56

Дешхьалхе орамца къаьстина язъяр

1

28


А.96б/I,№202

57

Къ/кх Изложени «Ши газа»

1

30


*****

58

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

2.02.


А.83-96 б/I

59

Суффикс

1

4


А.100б/I,№215

60

Шиъ суффикс йолу дешнаш

1

6


А.102б/I,№218

61

Дешнаш хIоттамца къастор шардар

1

9


А.104ш№222

62

Къамелан дакъош

1

11


А.106б/I,№228

63

Къ/кх Сочинени «Iа»

1

13


*****

64

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

16


А.110ш№233

65

ДештIаьхье предложенин меже ца хилар

1

18


А.111б/I,№240

Къамелан дакъош -30с

(ЦIердош-13; Билгалдош-7; Хандош-10)

66

ЦIердош

1

20


А.114б/I,№244

67

Адамаш билгалден цIердешнаш

1

23


А.116б/I,№253

68

ЦIердешнийн терахьашца хийцадалар

1

25


А.120 б/I

69

ЦIердешнийн классаш

1

27


А.121б/I,№258

70

Зударийн, божарийн, кхийолу класс

1

2.03


А.122б/I,№261

71

ЦIердешнийн дожаршца хийцадалар

1

4


А.125д/I,№267

72

ЦIердешнийн дожаршца хийцадалар

1

6


А.130 № 276

73

Къ/кх Изложени «Дешархочун де»

1

9


*****

74

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

11


А.132 ш№ 280

75

Дийриг дожарера цIердош подлежащи хилар

1

13


А.134б/I,№286

76

Контрольни диктант

1

16


*****

77

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

18


А.100-134 б/I

78

Самукъане ловзар «Говр - ворда»

1

20


*****



4 чийрик – 27 с.

79

Билгалдош

1

1.04


А.138б/I,№295

80

Къ/кх Сочинени «БорхIалгIа март»

1

3


*****

81

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

6


А.142б/I,№300

82

Гергара а, дуьхьал маьIна долу билгалдешнаш

1

8


А.143б/I,№305

83

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш

1

10


А.145б/I,№311

84

Талламан болх

1

13


*****

85

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

15


А.147 ш№315

86

Хандош. Хандош дукхахьолахь сказуеми хилар

1

17


А.148б/I,№324

87

Хандешнийн хенашца хийцадалар

1

20


А.154б/I,№332

88

Хандешнийн карара хан

1

22


А.156б/I,№343

89

Хандешнийн яхана хан

1

24


А.160б/I,№350

90

Къ/кх Изложени «БIаьсте»

1

27


*****

91

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

29


А.163 ш№352

92

Хандешнийн йогIу хан

1

4.05


А.166б/I,№371

93

Хандешан билгалза кеп

1

6


А.170б/I,№376

94

Хандешнашца ЦА, МА нийсаяздар

1

8


А.172б/I,№381

95

ТIечIагдар. Хандош

1

11


А.148-172 б/I

Шарахь Iамийнарг карладаккхар -7

96

Шарахь Iамийнарг карладаккхар

1

13


А.175-176 б/I

97

Предложени. Дешан хIоттам

1

15


А.181 ш№399

98

ЦIердешнийн тарахьаш, классаш

1

18


А.188 ш№419

99

Контрольни диктант

1

20


*****

100

ГIалаташ тIехь болх. ТIечIагIдар.

1

22


А. 191 ш№426

101

Шарахь 1амийнарг т1еч1аг1дар

1

25


А.175-177ш.№391

102

Ц1ердош.

1

27


А.188ш№416

103

Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар

1

29


А.190 ш№ 422

104

ЦIердешнийн классаш.

1

**



105

Шарахь 1амийнарг т1еч1аг1дар

1

**


*****



Талламан болх – 8

Сочинени – 4

Изложени - 4




  1. «Рассмотрено»

  2. Руководитель МО НК

  3. _________ Акуева Т.Х.

  4. Протокол №_____ от

  5. «_____» ______ 2014г.

  6. «СОГЛАСОВАНО»

  7. Зам. директора по УВР

  8. ________ Хумгаева К.С.

  9. «______»_________2014г



Рабочая программа по чеченскому языку в 3 классе
  • Начальные классы
Описание:

Юьхьанцара юкъарадешаран школа - мехала, керла, жоьпаллин мур бу беран дахарехь: х1окху школехь д1адолало диллина долу дешар, кхузахь шорло цуьнан гонахарчу дахарца йолу юкъаметтигаш, хийцало юкъараллин дарж а, ша -шен вовзийта оьшуш хилар а совдолу. Т1аьхьа хиндолчу дерриге а дешаран бух кхуллу юьхьанцарчу школашкахь. Юьхьанцарчу школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан 1илманан декъехь шен маь1ница а йоккха меттиг д1алоцу. Цуьнан дешарца а, кхетамца кхиорехь а доккха маь1на ду.

 

Маттах лаьцна хаарш, барта а, йозанан а къамелан хаамаш караберзорца дешархойн таро хуьлу кхийолу дешаран предметаш а кхиамца 1амо, цуьнца цхьаьна гонахарчу дахарх дозуш долу шайн хаарш шордан.

Автор Магомедхаджиева Милана Вахаевна
Дата добавления 08.01.2015
Раздел Начальные классы
Подраздел
Просмотров 8636
Номер материала 44626
Скачать свидетельство о публикации

Оставьте свой комментарий:

Введите символы, которые изображены на картинке:

Получить новый код
* Обязательные для заполнения.


Комментарии:

↓ Показать еще коментарии ↓