Главная / Начальные классы / Рабочая программа по чеченскому литературному чтению в 3 классе

Рабочая программа по чеченскому литературному чтению в 3 классе

Юкъара дешаран муниципальни учреждении

« Юкъерадешаран школа № 50»

Соьлжа- г1алин





« Утверждаю»

Директор СОШ № 50

____ Муступаева Л.Р.

Приказ № _____ от

«___» ______ 2014г.








Юьхьанцарчу классашна лерина

Литературни ешаран герггарчу

хьесапехь йолу программа

3 « А» классан

Э.Х. Солтаханов, И.Э. Солтаханов

Хьехархо: Магомедхаджиева М.В.

















2014-2015 деш.ш.











Юьхьанцарчу классашна лерина литературни ешаран герггарчу

хьесапехь йолу программа



ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Литературни ешар - юьхьанцарчу классийн предметашна юккъехь коьртачарах цхьаъ ю. Нохчийн матто санна, цо а 1амадо бер шера а, нийса а яздан, аьтто бо юкъара кхиарехь а, г1иллакх- оьздангаллин мехаллаш т1ехь кхиош а. Х1окху предметехь кхиамаш бахаро таро ло берана юьхьанцарчу школан вукху предметашца ларош деша.

Юьхьанцарчу школехь х1ара предмет 1амор т1ехьажийна хир ду х1окху 1алашонашка кхачарна: -кхетаме, нийса, шера къастош еша;

-ша йоьшучу текстан а, цуьнан чулацамца йолу шен юкъаметтиг а билгалйоккхуш болчу къастош ешаран коьртачу г1ирсех (соцунг1а, интонаци, маь1нин тохар, ешаран чехкалла) пайда а оьцуш, еша;

-дешаран книгин чулацамах кхиар, шенна справочни аппаратах пайда эца хаар (т1етовжар, корта, абзацаш и д1. кх. а.);

- исбаьхьаллин -кхоллараллин а, х1ума довзаран а хьуьнарш шегахь кхиор, исбаьхьаллин произведенино шена бина т1е1аткъам шен синхаамашца бовзийтар; дешан исбаьхьалле йолу эстетически юкъаметтиг кхиор;

-исбаьхьаллин текстан г1ирсашца синъоьздангаллин мехаллаш юьхьанцарчу классийн дешархошкахь кхиор; дика а, вуо а къасто хууш, кхидолчу къаьмнашка лерам болуш кхиор.

Юьхьанцарчу школехь литературни ешаран коьрта 1алашо - иза шена оьшшу книга харжа хаарца а, и кхеташ ешарца а ша- шен терго яран дешар карадерзоран хьуьнарш шегахь кхиор ю. Цу г1уллакхана ох1ла хилар билгалдолу ешначух кхеташ, дика еша хаарехь, книгаш йовзарехь а, шенна харжа хаарехь а, шен синъоьздангалла лакхаяккхарехь книга оьшуш хиларх кхетам кхиъна хиларехь а.

«Литературни ешар» предмето чулоцу х1ара дакъош: дешархочун «Ешарца доьзна г1уллакх», «Исбаьхьаллин текстийн буха т1ехь долу дешархойн кхоллараллийн г1уллакх», «Берийн ешаран гуо» яздархойн ц1ерш а йовзуьйтуш, дешархошна кху предметехула евзар йолу ерриге а произведенеш, хуьлийла уьш дийнна произведенеш я церан дакъош. Программи юкъа дог1у иштта кхидолу дакъош а: «Литературоведчески пропедевтика», «Библиографически культура», «Къамелан кепашца доьзна долу г1уллакхаш». Боккха тидам т1ебахийтина нохчийн матте ладог1ар декъана а. «Ешар» ц1е йолчу декъехь къаьсттина тидам т1е бахийтина къастош ешарна. Юьхьанцарчу классашкахь нийса а, шера а ешарехь карадирзинчу хаарша аьтто бийр дешархойн лакхарчу классашкахь литература йовзарехь а. «Дистхилар», «Йоза» дакъоша аьтто бийр бу барта а, йозанан а къамел кхиорехь. Боккха тидам т1е бахийтина вистхила хаарна а, къамелан оьздангаллина а, меттан исбаьхьаллин г1ирсаш караберзорна а.

«Къамелан кепашца долу г1уллакхаш» ц1е йолу дакъа къамелан кепаш йовзийтина ца 1аш, х1ума довзаран а, синъоьздангаллин, интеллектуальни, кхоллараллин г1уллакхаш чулоцуш а ду шена. И г1уллакхаш кхочушдо дешаран, 1илманан г1араевллачу, исбаьхьаллин тексташ т1ехь болх бечу хенахь. Ешарца, йоьшург т1еэцарца, исбаьхьаллин тексташ т1ехь болх барца цхьаьна кхочушхуьлу дешархочун синъоьздангалла, кхолларалла кхиарца доьзна долу г1уллакхаш а. Исбаьхьаллин тексташ ешар бахьанехь карадирзина хаарш дерзадо дешархоша шаьш кхочушдечу кхоллараллин г1уллакхашка: къастош а, яххьашца а ешар, тардина дийна суьрташ кхоллар, инсценировкаш яр, барта а йозанца юхасхьайийцар шаьш ешна исбаьхьаллин произведенеш, тайп-тайпанчу теманашна барта а, йозанца а аларш кхоллар и д1. кх. а.

«Берийн ешаран гуо» декъехь кхочушхуьлу исбаьхьаллин тексташ харжаран принципаш. Царна юкъахь уггаре а мехала ерш ю: еша дог дар, йоьшучух кхеташ хилар, тематика, проблематика. Тексташ шайца к1орггера кхетош-кхиоран маь1на а долуш, тайп-тайпанчу жанрашкахь хила еза. Кхечу къаьмнийн произведенеш йовзийта а мегар ду, нагахь шайца цхьа пайден дерг дохьуш уьш елахь. Кху декъа юкъа дахана оьрсийн туьйранаш, г1арабевллачу оьрсийн яздархойн Л. Толстойн, Г. Скребицкийн, В. Бианкин, А. Гайдаран произведенеш.

«Литературоведчески пропедевтика» декъехь билгалбина исбаьхьаллин тексташ йоьшучу хенахь дешархой шайх хьакхалур болу а, бийцаре беш, шайна т1ехь болх бен болу а литературоведчески кхетамаш. Тексташ т1ехь болх бечу хенахь дешархойн карахь мехала г1ирс хилла д1ах1уьттур бу и литературни кхетамаш.

«Библиографически культура» декъо аьтто бо еша билгалйинчу литератури юкъара оьшу книга харжа хууш хилар кхиорехь, оглавлени, аннотаци карорехь, суьрташ дехкина художник, автор билгалварехь, иллюстрацеш текстан хиламашца буозарехь, ткъа иштта 1амаво тайп-тайпанчу справочни материалашца болх бан.

Дешаран предметан чулацаман мехаллаш.

Х1ара предмет 1амочу хенахь йовзар нисло массо а тайпа бохург санна къоман мехаллаш (патриотизм, доьзалан мехаллаш, 1алам, къинхьегам а, кхолларалла а, искусство, литература, дин). Кхузаманан, махкана а, халкъана а пайден хир долчу кепара оьзда, ийман долуш, кхидолу къаьмнаш лоруш, к1ант-йо1 кхиор ду хила дезарг цу предметана бухе диллинарг.

Дешаран планехь х1окху предмето д1алоцу меттиг.

Базисни дешаран планан 3-чу вариантаца йог1уш х1иттийна ю х1ара тематически планаш. Юьхьанцарчу юкъарадешаран заведенешкахь х1ара предмет 1амо билгалдинарг 204 сахьт ду: 2 кл. - 68 сахьт, 3 кл.- 70сахьт, 4 кл.- 68 сахьт

Предмет 1аморца доьзна долу жам1аш.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза личностни

жам1аш:

Россин юкъара этнически а, граждански а цхьааллаш кхиор, вуьшта аьлча

ша муьлхачу къоман векал ву а, Россин пачхьалкхан гражданин ша хилар а кхетор; юкъара российски а, граждански а, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин а мехаллаш шегахь кхиор;

-исбаьхьаллин произведенийн буха т1ехь шегахь адамаллин а, демократически а мехаллаш кхиор;

шен къоман культурех, бусулба динах а долу хаарш хилар, кхечу къаьмнех а, церан культурех, динах лаьцнарг а девзаш хилар; кхечу къаьмнийн культуре а, динца доьзначу ламасташка а ларам шегахь хилийтар;

шен къоман г1иллакхаш а девзаш, кхечу къаьмнашца а г1иллакхашца а, динца а йоьзна йолу юкъаметтигаш ларъян хаар;

-доьзалан ламасташка тергаме хила везар шегахь кхиор, 1алам лардан а, шен а, нехан а могушалла ларъян езарх кхеташ хилар;

-таханлерчу дуьненахь вахаран 1алашонца шен амал кхиор; шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а девне ца вуьйлуш, машаре ваха болу лаам шегахь кхиор;

дешархочун социальни декхарш карадерзор; дешаре лаам кхиор; дешар шена оьшуш хиларх кхетар;

къоман а, кхийолу а литература ешарца синъоьзданагаллин мехаллаш а, эстетически синхаамаш шегахь кхиор.



Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза метапредметни жам1аш:

-дешаран 1алашонех а, декхарех а кхеташ хилар, кхоллараллин кепара хьесапаш кхочушдар;

-шена хьалха х1оттийнчу декхаре хьаьжжина, дешаран декъехула билгалдан леринарг къасто а, цуьнан мах хадо а, и кхочушдархьама эвсаре некъ харжа а хаар;

ша баьхначу кхиамийн бахьанех кхеташ хилар шегахь кхиор (ткъа иштта цададаларан бахьанех а, иза лазаме ца долуьйтуш т1еэца хууш а хилар;

-коммуникативни а, х1ума довзаран а декхарш кхочушдаран 1алашонца меттан г1ирсех пайда эцар;

-дечун логически кепаш (дустар, анализ, юкъара маь1на дар) караерзор;

кхечу къаьмнийн нийсархошца цхьаьна дечу г1уллакхашкахь юкъара 1алашонаш билгалъяр, хьан, х1ун дийр ду къастор, цаьрца цхьаьна тергам латтор, ша а, вукхара а дечун цхьанакепара мах хадор; девне ца дерзош, 1оттаме дерш д1адерзор, ларамца т1еэцар кхечу къомах волчун амалехь дерг;

базови предметийн кхетамаш, кхечу предметашца боьзна кхетамаш а караберзор, шен предметца уьш буозар.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза предметаца доьзна долу жам1аш:

къоман а, дуьненан а, культурийн хилам а, синъоьздангаллин мехаллаш, ламасташ лардаран а, кхид1а а д1акховдоран г1ирс санна литературех кхетар;

-ша-шен кхиарехь ешаран мах лакхара хиларх кхетар; виллина йоьшуш хила везаш хилар болу лаам шегахь кхиор; дуьненах а, къоман исторех а, культурех а болу кхетамаш кхиор; юьхьанцара г1иллакх-оьздангалла кхиорехь литературо д1алоцу меттиг къасто а, дика а, вуо а х1ун ду хууш хилар;

х1унда еша еза бохучух кхеташ хилар, цу декъехь тайп- тайпанчу ешарх пайда эцар;

-дешаран а, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин тексташ ладог1арца т1еэца а, кхеташ еша а, цхьанатайпана царах кхета а хууш хилар; стихотворенин кепехь йолу тексташ къастош ешаран юьхьанцара хаарш карадерзор;

-прозаически исбаьхьаллин произведенеш юхасхьайийца а, церан чулацамах долчу хаттаршна жоьпаш дала а, ешначу дешаран, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин текстийн бахьанин- т1аьхьалонийн з1енаш къасто а хаар карадерзор;

-меттан бакъонаш а ларъеш, йозанехь а, барта а доцца дийцарш х1итто хаар карадерзор;

-хьайца къамел деш волчуьнга а ладог1а а, цо дуьйцучуьнца реза вацахь а, делил далорца айхьа бохург т1еч1аг1дан а, г1иллакхехь вистхила а, диалог д1аяхьа а хаар карадерзор;

-исбаьхьаллин текстийн башхаллийн дуьхе а кхуьуш, дешаран, 1илманан, исбаьхьаллин тексташ вовшех къасто хаар;

-ешначу исбаьхьаллин, 1илманан, дешаран текстийн теманах, коьртачу маь1нах кхеташ хилар; исбаьхьаллин текстехь балийна меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а, яздархочо мича 1алашонца уьш юкъа балийна а хаар;

-ша ешначу исбаьхьаллин произведенин мах хадо а, цунах лаьцна шена хетарг ала а хаар;

-ешначу текстехь йолу синъоьздангаллин мехаллаш йовзийта а, уьш шегахь кхио а хаар;

оьрсийн а, нохчийн а исбаьхьаллин произведенийн персонажаш (дакъалацархой) вовшашца буста а, церан амалехь, г1уллакхашкахь цхьаьна дог1ург схьа а лохуш, царна харакатеристика яла а, цаьрга шен болу хьежам гайта а хаар;

шена хаза хета книга шенна схьахаржа а, т1ебузучу хаамийн справочни хьостанех пайда эца а хаар;

Дешаран предметехула болу юьхьанцарчу юкъарадешаран чулацам

Къамелан кепаш Ладог1ар

Дуьйцу къамел ладог1арца т1еэцар, цхьанатайпана иза кхетадар, ладоьг1начуьнца доьзна хаттаршна жоьпаш далар, ладоьг1начун чулацамах лаьцна шена хаттар дала хаар, х1ун 1алашо йолуш ладуьйг1ира къамеле кхетадар. Стихотворни къамеле ладог1а хаар, ладоьг1начун дог-ойла къастор.

Ешар

Хезаш ешар. Кхеташ, нийса, цхьанаэшшара хезаш ешар. Ешаран чехкалла доза тухуш къастош яц, х1ора дешархочун башхалле хьожжий къастош хуьлу и барам. Ешаран сихалла т1аьхь-т1аьхьа чехкайоккху. Йоьшучу хенахь соцунг1ашший, интонаций, сацаран хьаьркаш лар а деш, кхетаме, нийса, цхьанаэшшара дийначу дешнашца ешар.

Дагахь ешар. Дагахь йоьшучу хенахь йоьшучун маь1нах кхеташ хилар. Ешначу текстехь оьшуш болу хаамаш карон а, меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а хаар.

Къамел дар. Барта къамелан оьздангалла.

Монологически къамел барта къамелан кеп санна. Монологически кепара аьллачун коьртачу маь1них кхеташ хилар. Къамелан кепаш: дийцар, суртх1оттор, ойлаяр.

Шен аларехь меттан исбаьхьаллин г1ирсех пайда эцар(синонимех, вастаме дешнех, антонимех, дустарех, эпитетех). Шен аларна план х1оттор. Монологически алар дозаделла а, маь1на долуш а хилар. Диалогехь ден къамел: цуьнан башхалла. Хьайца къамел деш волчуьнга ладог1а а, цо дуьйцучух кхета а, цунна жоп дала а хаар. Хьуна ца хетачу, кхечу кепара олучуьнга а ладог1а а, делил а далош, тешшош цунна жоп дала а хаар. Кхечу къомах волчу нийсархочуьнца диалог д1ахьочу хенахь цо дечу къамелах кхеташ, цуьнан культурин башхаллаш тидаме а оьцуш, иза т1елаца хаар. Шен къамелехь меттан исбаьхьаллин г1ирсех пайда эца хаар.



Литературни ешаран календарни – тематически план

Урокан чулацам

Сахьт

Де

ЦI./б

План

Факт

1 чийрик – 18с.

Даймехкан косташ -1с.

1

А. Сулейманов «Даймахкана, вайн халкъана» Ш.Арсанукаев «Б1ешерийн къийсамехь», «Аьхкенан 1уьйре»

1

3.09


А. 3-8 к/е

Аьхке а, гуьйре а-10с.

2

Ш.Арсанукаев «Аьхкенан 1уьйре»

М.Сулаев «Дог1а деанчул т1аьхьа»

1

8


А. 7-9 к/е

3

Д. Кагерманов «Аьхке»

1

10


А. 9-11 к/е

4

З. Муталибов «Оха болх а бо, деша а доьшу»

Ж. Махмаев «Мангалкомарш»

1

15


А. 11-13 Iамо

5

Хь .Хасаев «Комаьрша хьун»

1

17


А. 13-15 е/с

6

Хь. Осмиев «Гуьйре», Х. Эдилов «Гуьйре»

1

22


А. 16-17 Iамо

7

Хь .Хасаев «Гуьйре т1екхочуш»

1

24


А. 18-19 е/с

8

Д. Кагерманов «Г1арг1леш, хабарш а дуьйцуш»

1

29


А.20-21 Iамо

9

1. Гайсултанов «Стоьмийн бешахь»

1

1.10


А.21-23 е/с

10

Э. Мамакаев «Гуьйренан суьрташ»,

1. Гайсултанов «Гуьйренан т1аьххьара денош»

1

6


А.24-26 Iамо

11

Дешаран техника таллар

1

8


*****

Iалам лардар – иза Даймохк ларбар ду -7с.

12

М.Пришвин «Сан Даймохк»

1

13


А. 27-29 е/с

13

Р. Ахматова «Эвлахь», Хь. Хасаев «Бен»

1

15


А. 29-31 к/е,е/с

14

Хь.Саракаев «Асвадан адамалла»

1

20


А. 31-34 е/с

15

1. Гайсултанов «Экскурси»

1

22


А. 35-39 е/с

16

Хь.Хасаев «Бохам»

1

27


А. 39-41 е/с

17

Дешаран техника таллар

1

29


*****

18

Урок-ловзар «Поэтически агIонаш»

1

**


*****

2 чийрик – 14с.

Берийн дахар – 8с.

19

Хь.Саракаев «Тхойшинна эсий дажо лаьа»

1

10.11


А. 42-47 е/с

20

Ж. Махмаев «Коран ангали»

1

12


А. 47- 48 е/с

21

Гайсултанов «Яраг1и»,

1

17


А. 48-49 е/с

22

Хь.Саракаев «Ж1ов, морзаххий, херхсхьаоьций»

1

19


А. 50-51 к/е

23

I. Чантиев «Стенна вара Мурад г1айг1ане»

1

24


А. 51-54 е/с

24

З. Муталибов «Мустапан каранаш»

1

26


А.55-56 е/с

25

Д. Кагерманов «Мазлаг1ехь»

1

1.12


А. 57-59 е/с

26

I. Гайсултанов «Уггар мехалниг»

1

3


А. 59-64 е/с

Вайн Даймехкан дIадаханчунна тIера – 6с.

27

Асланбек Шерипов

1

8


А. 65-66 е/с

28

М. Ахмадов «Асарахь»

1

10


А. 67-69 е/с

29

С. Эльмурзаев «Турпалхо Арсанова Пет1амат»

1

15


А. 69-71 е/с

30

М. Мамакаев «Цалечийн илли»

1

17


А. 72-73 к/е

31

Дешаран техника таллар

1

22


*****

32

Урок-ловзар «Самукъане кроссвордаш»

1

24


*****

3 чийрик – 20с.

Вайн Даймохк – 2с.

33

Вайн республика. Д. Кагерманов «Сан Кавказ»

1

12.01


А. 74-75 к/е

34

Ш. Рашидов «Даймахке безам»

1

14


А. 76-77 к/е

Даймох вай къинхьегамца хьестабо – 4с.

35

Р. Нашхоев «Соьга юха хабар дийцало»

1

19


А. 78-80 е/с

36

Ш.Арсанукаев «Сан йиша»

1

21


А. 81 к/е

37

Т. Закаев «Сох а хир ву г1ишлоярхо»

1

26


А. 82-83 е/с

38

Б. Чалаев «Кхоллараллин лехамехь»

1

28


А.84-87 е/с

Iа – 8с.

39

М. Сулаев «Лайн чимаш», М.Сулаев «1а дулуш»

1

2.02


А. 88-90 к/е,е/с

40

Хь. Хасаев «Хьуьнхахь 1а», Ж. Махмаев «Ло деана»

1

4


А.90-93 к/е,е/с

41

Д. Кагерманов «1аьнан хьаша»

1

9


А. 93-97 е/с

42

I.Мамакаев «Iа», I. Гайсултанов «Цергков»

1

11


А. 98-101 е/с

43

Ш.Рашидов «1ай»

Хь. Саракаев «Дуьххьарлера хьуьнар»

1

16


А.102-105 е/с

44

Ш. Арсанукаев «1аьнан суьйре»

1

18


А.106 Iамо

45

Ш. Макалов «Дорцехь»

1

23


А.107-108 е/с

46

I. Чантиев «1аьнан а, аьхкенан хила къовсам»

1

25


А.109- 112 е/с

Даймехкан гIаролехь -6с.

47

Ш. Рашидов «Ханпаша»

М. Сулаев «Цавевзачу салтичун каш»

1

2.03


А. 113-115 к/е

48

Х. Ошаев « Иччархо Абухьаьжа Идрисов»

1

4


А.116-122 е/с

49

I.Ахмадов « Жима турпалхо»

1

9


А.122-126 е/с

50

Х. Эдилов «Толам»

1

11


А.127-128 Iамо

51

Дешаран техника таллар

1

16


*****

52

Урок-ловзар «Самукъане ребусаш»

1

18


*****

4 чийрик – 18с.

БIаьсте йогIу, бIаьсте йогIу!-10с.

53

М. Сулаев «Б1аьстенца дека лаьттан зевне илли»

Хь. Хасаев « Стовно–ворх1азза»

1

1.04


А.130- 132 е/с

54

I. Гайсултанов «Б1аьсте т1ейог1уш»

I.Мамакаев «Б1аьстенан юьхь»

1

6.04


А.132-133 Iамо

55

М. Сулаев « Б1аьсте», В.Саидов «Барх1алг1а март»

1

8.04


А.134-136 к/е,е/с

56

Хь. Саракаев « Мамаина совг1ат»

1

13.04


А.136-139 е/с

57

Хаттарш а, т1едахкарш а.


15.04



58

Хь. Хасаев «Хьуьнан акхарой б1аьста»

1

20.04


А.139-140 е/с

59

Хь. Сатуев «Б1аьсте йог1у»

1

22.04


А.141 Iамо

60

I.Гайсултанов «1алам хаздан деза»

1

27.04


А.142-145 е/с

61

Хь.Хасаев «Зевне хьеший»

1

29.04


А.145-148 е/с

62

Хаттарш а, т1едахкарш а.


4.05



63

Хь.Сатуев «Б1аьстенан дог1а»

1

6.05


А.149 Iамо

64

А. Айдамиров «Б1аьсте схьакхаьчна»

Д. Кагерманов «Арахь»

1

11.05


А.150-151 к/е, е/с

Халкъан барта кхолларра

65

Туьйранаш, шира дийцарш. Ден весет

1

13.05


А.152-153 е/с

66

Бабин Ч1ирдиг

1

18.05


А.154-156 е/с

67

Бекхам

1

20.05


А.157-159 е/с

68

Тешам боцу лулахой

1

25.05


А.159-162 е/с

69

Дешаран техника таллар

1

27.05


*****

70

Урок-ловзар «Мила ву тидаме?»

1

**


*****



Дешаран техника таллар - 5



«Рассмотрено»

Руководитель МО НК

________ Акуева Т.Х.

Протокол № ____ от

«___» _______ 2014г.




«СОГЛАСОВАНО»

Зам. директора по УВР

________Хумгаева К.С.

«____»_________2014г





























Рабочая программа по чеченскому литературному чтению в 3 классе
  • Начальные классы
Описание:

Литературни ешар - юьхьанцарчу классийн предметашна юккъехь коьртачарах цхьаъ ю. Нохчийн матто санна, цо а 1амадо бер шера а, нийса а яздан, аьтто бо юкъара кхиарехь а, г1иллакх- оьздангаллин мехаллаш т1ехь кхиош а. Х1окху предметехь кхиамаш бахаро таро ло берана юьхьанцарчу школан вукху предметашца ларош деша.

Юьхьанцарчу школехь х1ара предмет 1амор т1ехьажийна хир ду х1окху 1алашонашка кхачарна: -кхетаме, нийса, шера къастош еша;

-ша йоьшучу текстан а, цуьнан чулацамца йолу шен юкъаметтиг а билгалйоккхуш болчу къастош ешаран коьртачу г1ирсех (соцунг1а, интонаци, маь1нин тохар, ешаран чехкалла) пайда а оьцуш, еша;

-дешаран книгин чулацамах кхиар, шенна справочни аппаратах пайда эца хаар (т1етовжар, корта, абзацаш и д1. кх. а.);

- исбаьхьаллин -кхоллараллин а, х1ума довзаран а хьуьнарш шегахь кхиор, исбаьхьаллин произведенино шена бина т1е1аткъам шен синхаамашца бовзийтар; дешан исбаьхьалле йолу эстетически юкъаметтиг кхиор;

 

-исбаьхьаллин текстан г1ирсашца синъоьздангаллин мехаллаш юьхьанцарчу классийн дешархошкахь кхиор; дика а, вуо а къасто хууш, кхидолчу къаьмнашка лерам болуш кхиор.

Автор Магомедхаджиева Милана Вахаевна
Дата добавления 08.01.2015
Раздел Начальные классы
Подраздел
Просмотров 1698
Номер материала 44682
Скачать свидетельство о публикации

Оставьте свой комментарий:

Введите символы, которые изображены на картинке:

Получить новый код
* Обязательные для заполнения.


Комментарии:

↓ Показать еще коментарии ↓