Главная / Другое / Махмаев Джамалдин «Буьйсанна г1улчаш» ц1е йолу дийцар.

Махмаев Джамалдин «Буьйсанна г1улчаш» ц1е йолу дийцар.

НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН УРОК

5 – г1а класс

Тема: Махмаев Джамалдин «Буьйсанна г1улчаш» ц1е йолу дийцар.

1алашо: Россин Федерацин яздархойн союзан декъашхо, Кадыров А. – Хь. ц1арах йолчу орденан Кавалеран, нохчийн меттан учебникийн автор, яздархо, поэт волчу Махмаев Джамалдин дахар а, кхолларалла а шуьйра дешархошна йовзийтар; дешархойн къамел кхиор; дешархой кхетош – кхиор.

Урок д1аяхьар

  1. Урокана кечам бар.

  2. Урокан тема а, 1алашонаш а дешархошна йовзийтар.

Хьехархочун урок йолоран дош

Хьоме бераш, шу, схьахетарехь, сатуьйсуш хилла хир ду вайн рог1ерчу нохчийн литературин уроке. Т1екхечи иза. Сан таханлерчу урокан 1алашонаш ю – Россин Федерацин яздархойн Союзан декъашхо, Кадыров А-Хь. ц1арах йолчу орденан Кавалер, нохчийн меттан учебникийн автор, яздархо, поэт волчу Махмаев Джамалдин дахар а, кхолларалла а шуна шуьйра йовзийтар, шун дозуш долу къамел кхиор, иштта шу лаккхарчу иманехь кхетош-кхиор а.

Ткъа вайн рог1ер урок а вай кхетош-кхиор балха т1ера йолор ю.

«1илманан корта – хьекъал, хьекъалан корта - собар».

Хьовсийша дешархой, х1ара тайпа цхьа тамашийна дустар ду вайн халкъо дина. Муха кхета шу цуьнан маь1нах?

(Шина дешархочуьнга дуьйцуьйту шайна хетарг. Цул т1аьхьа урок д1ахьо, кицанан маь1на т1еч1аг1дар т1аьхьалонна дуьту)

  1. Ц1ахь биначу белхан таллам бар.

1амийнарг т1еч1аг1деш, дешархошка ло хаттарш:



- Маца, мичахь вина Махмаев Джамалдин?

- Х1ун белхаш бина Джамалдин дас Мохьмуда?

-Цуьнан дуьххьара араяьллачу книгин а, кхийолчу гуларийн а ц1ерш йийца.

(Хьалха 1амийнчун жам1 деш, тесташ я кхин керла технологи юкъаялор мехала хир ду)



  1. Керла тема йовзийтар.



Хьехархочун дош

Дала ша кхоьллинчу адамашна важиб дина 1илма 1амор, иштта шайгарчу пох1малле хьаьжжина тайп-тайпана корматаллаш елла х1оранна а. Массо а стаг хууш хила веза шен дуьненахь долу декхарш: Далла 1ибадат дар, хьарам-хьанал къастор, Делан дуьхьа диканаш дар, иштта ша д1аваьлча а, нахалахь яха шен сирла лар йитар…

И дерриг а шеца долуш ву ала мегар ду Махмаев Джамалдин. Цо ша дуьххьара схьалаьцначу некъана букъ ца тоьхна, нахана зуламе воцуш, мелхо а, т1екхуьу къона чкъор дешаре, кхетош-кхиоре дигарехь къахьоьгуш схьавог1у и таханлерчу дийне. Цуьнан белхан корматаллаш шортта ю- хьехархо, яздархо, поэт, мехкан а, халкъан а дуьхьа хьанал къинхьегамхо, иштта кхид1а а. Джамалдин дерриг дахар берашца доьзна, царна хьехарехь, царна лерина яздарехь , уьш корматалле бигарехь болчу къинхьегамна д1аделла ду. Цунна дика девза берийн дахар, церан лаамаш, лазамаш, сатийсамаш. Цуьнан дерриг а ирс – дешархой, кегийрхой бу…

Таханлерчу урокехь вай кхин шуьйра довзуьйтур ду шуна цуьнан дахар а, кхолларалла а. Иштта цуьнан призведенеш а, коьртачу декъана «Буьйсанан г1улчаш» ц1е йолу дийцар…



(Дешархошка йоьшуьту дийцаран кийсакаш, кхачаме дийцаре до иза, хаарш т1еч1аг1деш ло хаттарш)



  1. Дешнашца болх бар.

Бург1ул – бург1улан, бург1улна, бург1уло. д.т. бург1улш. Рюкзак – рюкзаки. Хьукмат – хьукматан, хьукматна, хьукмато. д.т. хьукматаш. Школа – школы, школ. Олушъяздар – олушъяздаран, олушъяздарна, олушъяздаро. Диктанат.

  1. Кхетош- кхиоран болх кхин а д1абахьар.

Хьехархочун дош

Вай лакхахь шуьца хьехийра кицанан маь1на. Х1инца шу кхетош-кхиоран болх кхин а д1ахьур бу вай. Хьан дуьйцур дара цуьнан маь1на хьалхарчу дешархоша алаза долчуьнца кхин а к1оргера?

(Цхьана – шинга доцца дуьйцуьйту)

  1. Дозуш долу къамел кхиор.

«1илманан корта – хьекъал, хьекъалан корта – собар»

Кицанан маь1нах шайна хетарг дуьйцуш, жима сочинени язйо. (4-6 пред.)

  1. Урокан жам1 дар.

- Махмаев Джамалдин дахарх, кхоллараллах х1ун керланиг девзи шуна тахана?

- Дозуш долу къамел кхиорехь, дуьнене болу хьежамаш шорбарехь шайна стенна пайдехьа карий шуна х1ара урок? Даладе масалш.

-шайн дахарехь пайда эца, масалина кхетош – кхиорехь х1ун керланиг девзи шуна таханлерчу урокехь?

9. Дешархойн хааршка, деллачу жоьпашка хьаьжжина берийн хаарийн мах

хадор.

10. Рефлекси яр.

11. Ц1ахь бан болх балар.

Махмаев Джамалдин дахар, кхолларалла йовзар, «Буьйсанна г1улчаш» дийцаран чулацам кхетош схьабийцар.

Махмаев Джамалдин «Буьйсанна г1улчаш» ц1е йолу дийцар.
  • Другое
Описание:

НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН УРОК

5 – г1а класс

Тема: Махмаев Джамалдин «Буьйсанна г1улчаш» ц1е йолу дийцар.

1алашо: Россин Федерацин яздархойн союзан декъашхо, Кадыров А. – Хь. ц1арах йолчу орденан Кавалеран, нохчийн меттан учебникийн автор, яздархо, поэт волчу Махмаев Джамалдин дахар а, кхолларалла а шуьйра дешархошна йовзийтар; дешархойн къамел кхиор; дешархой кхетош – кхиор.

Урок д1аяхьар

  • 1.Урокана кечам бар.
  • 2.Урокан тема а, 1алашонаш а дешархошна йовзийтар.

Хьехархочун урок йолоран дош

Хьоме бераш, шу, схьахетарехь, сатуьйсуш хилла хир ду вайн рог1ерчу нохчийн литературин уроке. Т1екхечи иза. Сан таханлерчу урокан 1алашонаш ю – Россин Федерацин яздархойн Союзан декъашхо, Кадыров А-Хь. ц1арах йолчу орденан Кавалер, нохчийн меттан учебникийн автор, яздархо, поэт волчу Махмаев Джамалдин дахар а, кхолларалла а шуна шуьйра йовзийтар, шун дозуш долу къамел кхиор, иштта шу лаккхарчу иманехь кхетош-кхиор а.

Ткъа вайн рог1ер урок а вай кхетош-кхиор балха т1ера йолор ю.

«1илманан корта – хьекъал, хьекъалан корта - собар».

Хьовсийша дешархой, х1ара тайпа цхьа тамашийна дустар ду вайн халкъо дина. Муха кхета шу цуьнан маь1нах?

(Шина дешархочуьнга дуьйцуьйту шайна хетарг. Цул т1аьхьа урок д1ахьо, кицанан маь1на т1еч1аг1дар т1аьхьалонна дуьту)

  • 3.Ц1ахь биначу белхан таллам бар.
  • 1амийнарг т1еч1аг1деш, дешархошка ло хаттарш:
  • - Маца, мичахь вина Махмаев Джамалдин?
  • - Х1ун белхаш бина Джамалдин дас Мохьмуда?
  • -Цуьнан дуьххьара араяьллачу книгин а, кхийолчу гуларийн а ц1ерш йийца.
  • (Хьалха 1амийнчун жам1 деш, тесташ я кхин керла технологи юкъаялор мехала хир ду)
  • 4.Керла тема йовзийтар.
  • Хьехархочун дош
  • Дала ша кхоьллинчу адамашна важиб дина 1илма 1амор, иштта шайгарчу пох1малле хьаьжжина тайп-тайпана корматаллаш елла х1оранна а. Массо а стаг хууш хила веза шен дуьненахь долу декхарш: Далла 1ибадат дар, хьарам-хьанал къастор, Делан дуьхьа диканаш дар, иштта ша д1аваьлча а, нахалахь яха шен сирла лар йитар…
  • И дерриг а шеца долуш ву ала мегар ду Махмаев Джамалдин. Цо ша дуьххьара схьалаьцначу некъана букъ ца тоьхна, нахана зуламе воцуш, мелхо а, т1екхуьу къона чкъор дешаре, кхетош-кхиоре дигарехь къахьоьгуш схьавог1у и таханлерчу дийне. Цуьнан белхан корматаллаш шортта ю- хьехархо, яздархо, поэт, мехкан а, халкъан а дуьхьа хьанал къинхьегамхо, иштта кхид1а а. Джамалдин дерриг дахар берашца доьзна, царна хьехарехь, царна лерина яздарехь , уьш корматалле бигарехь болчу къинхьегамна д1аделла ду. Цунна дика девза берийн дахар, церан лаамаш, лазамаш, сатийсамаш. Цуьнан дерриг а ирс – дешархой, кегийрхой бу…
  • Таханлерчу урокехь вай кхин шуьйра довзуьйтур ду шуна цуьнан дахар а, кхолларалла а. Иштта цуьнан призведенеш а, коьртачу декъана «Буьйсанан г1улчаш» ц1е йолу дийцар…
  • (Дешархошка йоьшуьту дийцаран кийсакаш, кхачаме дийцаре до иза, хаарш т1еч1аг1деш ло хаттарш)
  • 5.Дешнашца болх бар.
  • Бург1ул – бург1улан, бург1улна, бург1уло. д.т. бург1улш. Рюкзак – рюкзаки. Хьукмат – хьукматан, хьукматна, хьукмато. д.т. хьукматаш. Школа – школы, школ. Олушъяздар – олушъяздаран, олушъяздарна, олушъяздаро. Диктанат.
  • 6.Кхетош- кхиоран болх кхин а д1абахьар.
  • Хьехархочун дош
  • Вай лакхахь шуьца хьехийра кицанан маь1на. Х1инца шу кхетош-кхиоран болх кхин а д1ахьур бу вай. Хьан дуьйцур дара цуьнан маь1на хьалхарчу дешархоша алаза долчуьнца кхин а к1оргера?
  • (Цхьана – шинга доцца дуьйцуьйту)
  • 7.Дозуш долу къамел кхиор.
  • «1илманан корта – хьекъал, хьекъалан корта – собар»
  • Кицанан маь1нах шайна хетарг дуьйцуш, жима сочинени язйо. (4-6 пред.)
  • 8.Урокан жам1 дар.
  • - Махмаев Джамалдин дахарх, кхоллараллах х1ун керланиг девзи шуна тахана?
  • - Дозуш долу къамел кхиорехь, дуьнене болу хьежамаш шорбарехь шайна стенна пайдехьа карий шуна х1ара урок? Даладе масалш.
  • -шайн дахарехь пайда эца, масалина кхетош – кхиорехь х1ун керланиг девзи шуна таханлерчу урокехь?

9. Дешархойн хааршка, деллачу жоьпашка хьаьжжина берийн хаарийн мах

хадор.

10. Рефлекси яр.

11. Ц1ахь бан болх балар.

Махмаев Джамалдин дахар, кхолларалла йовзар, «Буьйсанна г1улчаш» дийцаран чулацам кхетош схьабийцар.

Автор Байсултанов Альви Романович
Дата добавления 19.09.2015
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров 382
Номер материала MA-060791
Скачать свидетельство о публикации

Оставьте свой комментарий:

Введите символы, которые изображены на картинке:

Получить новый код
* Обязательные для заполнения.


Комментарии:

↓ Показать еще коментарии ↓